
Сан деган лазам
Общество
В закладки

Дукхахболчу доьзалашкахь, баккхийчара а, кегийроша а цхьаа башхало йоцуш шаьш вовшийн юкъахь къамел деш кхечу меттанашкара дешнаш юкъадало. Цул совнаха, уггаре вуон дерг, къаьсттина берашка оьрсийн мотт буьйцу баккхийчара. Ткъа шега схьабийцаре терра, вукхара а юхабуьйцу иза.
Т1аккха, хан мел йолу берашна шайн ненан мотт санна марзло и. Оьрсийн маттана дуьхьал вац со а. Иза 1амо а, хаа а беза, х1унда аьлча вайн пачхьалкхехь массо а къаьмнийн юкъара мотт бу и. Делахь, вайн дайша а, наноша а мел яккхий халонаш шайна т1е1иттаяларх д1а ца тосуш , биц ца беш вайга схьакховдийна болу вайн нохчийн мотт, д1а а тесна 1амо ца деза кхечу къаьмнтйн меттанаш.
Дукхахболчара олуш хезна - «Оьрсийн мотт берашна ца 1амийча, царна дахарехь хала хир ду. И олучарна сан цхьа а дуьхьарло еш ала х1ума дац. Делахь, вайна хууш ма ду хиндерг хууш Аллах1 воцург цхьа а ма вац.
Цул совнаха, цхьаболчара шен бераш ингалсин а, 1арбойн а меттанаш 1амо цхьацца курсашка а д1ало. Оцу г1уллакхна а цхьа а дуьхьарло яц сан, нагахь санна кхин долчу меттанашца цхьана марзбеш, хазбеш вайн т1екхуьучу чкъоро сийлахь хиллаболу нохчийн мотт а 1амош белахь.
Х1ун хир ду те вайн къомах, нагахь санна ненан мотт вай д1атасахь? Мотт ца хилчи къам ма ца хуьлу. Ткъа вай нохчи къомах ма кхоьллина Далла. Ойла йинийте вай иштта чеккхенна? Суна схьахетарехь, ца йина наггахь волчо бен. Таханалерачу денца я ахчанца чекхдолуш ма дац вай дахар.
Ткъа шун, хьоме газетдешархой, х1ун ойла кхоллало ...? Хуьлий вай хила ма-дезза вайн ненан маттан 1уналла дечарех?
Комментарии (0)

Кху деношкахь дуьненахь бехачу массо а нохчаша даздеш ду ненан меттан де. Дуьххьара 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен омрица т1еч1аг1дира и дезаде

Сийлахь сан ненан мотт, хьо-м суна аганахь дуьйна сан мерзачу нанас зевнечу аганан иллица Даймахкахула кхарставеш бовзийтина бай.Со-м сан нанас ненан маттаца хьистина,

Х1ора шарахь чиллин (февраль) беттан 21-чохь массо а къаьмнаша даздеш ду Дуьненаюкъара ненан меттан де. Дагестанехь къаьсттина тидам бо оцу денна. Х1унда аьлча,