Къа а, мела а » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Къа а, мела а
17.06.2020 28 0 niyso

Къа а, мела а

Общество
В закладки
Къа - иза АллахIа ца магийна, хьарам долу хIума дар ду. Къинош шина декъе декъало: даккхий а, кегий а. Шеко йоцуш хIораммо къематдийнахь жоп дала дезаш ду дуьненахь ша лелийначух. АллахIа Шен Сийлахь Къуръана чохь боху: «Оцу дийнахь (къематде) адамаш тобанашкахь дIаоьхур ма ду шайн Iамалаш шайга дIагойтуш (шай Iамалашна бекхам беш, ялсамани чу хьажор ю цхьа тоба, важа тоба жоьжахати чу хьажор ю), Мискъала-зарратал (цхьа жима буьртигал) диканиг диначунна - иза гур ма ду (бекхам бийр бу), Мискъала-зарратал  вуониг диначунна - иза а гур ма ду (бекхам бийр бу)». (Ал-залзала: 6-8) Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Массо а къа долчу хIуманан (зуламан) корта бу дуьне дезар». Дела вицвина лоьху дуьне дезар ду дуьйцург, хьарам-хьанал ца къестош.
Къуръанан аяташкахь Дала а, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисашкахь а билгалдоху даккхий а, кегий а къинош. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шу гена довлийла доккха хилла долчу ворхI къина: АллахIаца накъост лацар, бозбуанчалла лелор, дегI диэр (стаг вер), буоберийн даьхни даар, риба (духалург деллачу дохнна тIера процент яккхар) лелор, тIам тIехь керстанна букъ берзор (кхеравелла тIамах вадар), бехк боцчу зударшна харц цIе кхоллар». (Бухари, Муслим).
Кхечу хьадисехь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боху: «Даккхийчу къинойх къа ду: АллахIаца накъост лацар, дений-нанний муьтIахь цахилар, харц тоьшалла дар». (Бухари, Муслим).
Иштта шен хьадисашкахь Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) билгалдоху бусулба нах ларбала безаш долу къинош. ХIунда аьлча и къинош, АллахIа гечдина, къинхетам ца бахь, уггар чIогIа, уггар деза хиндолчу жоьжахатин Iазапе вуьгуш ду. Делахь а, ша латийначу къина даггара дохковаьлла шен лай, Шега гечдар доьхуш, Шега верзахь гечдийр ду аьлла АллахIа: «Баккъалла а, АллахIа геч ца до Шеца накъост лацар, Цо геч ма до и доцург (накъост лацар доцург) Шена луучунна. Милла велахь а, АллахIаца накъост лаьцнарг, деза-доккха къа кхоьллина цо. (Ан-нисаа: 48).
ХIокху аятехь АллахIа Ша гечдеш ву ма боху ширк (АллахIаца накъост вар) доцчунна, кхин долчу къина Шена луучунна. Цундела вай чIогIа лардала дезаш ду ширках. Шаьш дой а ца хууш, хийла жима ширк до цхьаболчу бусулба наха. АллахIан цIарца доцуш, кхечу хIуманца дуй баар санна (куфр дар). Куфр ду - Делах цатешаре верзар. Масала «Д1о малхора», «Оцу баттора», «ХIокху беркатора», «Оцу чиркхора», «Охьадоьдучу хинора», Делан цIарца доцуш, ненан а, ден а, доьзалан а, кхин мел долчун а цIарах дуй баар.
Пайхамара аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «АллахI воцуш кхечунна дуй биъначо ширк (Делаца накъост лаьцна) дина». (Ат-тармазий). Иза ду АллахI воцуш кхечуьнга цхьа хIума доьхуш доIа дар, гIо дехар, рийаъ лелор (нахана гайта, цIарна, Делан дуьхьа доцуш сагIа далар, гIуллакх дар...). Даккхийчу къинойх ду нахаца лелар, шарIо хьулъяр лийрина меженаш гайтар, гIийбат, оьгIазло, хьагI, гамо, питана, эладита, ямартло, тешнабехк. Ткъа кегийра къинош  летадо адамаша бIаьргаца а, лергаца а, маттаца а, куьйгаца а, когаца а (хьарамчу хьажарца, хьарамчу ладогIарца, хьарамниг дийцарца, хьарамчунна тIекховдарца, хьарам динче вахарца). Церан хьокъехь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Пхеа ламазой, шина рузбаной (каффарат ду) дIадойу царна юккъехь летийна кегийра къинош». (Муслим)  АллахIа Шен Къуръана чохь боху: «Баккъалла диканаша вуониш дIадойу». Иштга, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Вуонна (къа) тIехьа диканиг диэ, оцу дикачо дIадойур ду вуониг». Делахь а, бусулба стаг Iехавала мегар дац, кегий къинош дIадойу бохуш, дихкина долчу хIуманашка ваьлла. Жима делахь а, доккха делахь а, хьарам дерг хьарам ду. Дукха къинош летош волчу стеган ийман дакъалур ду, ийман дакъаделларг дакъазваларна кхерам бу. АллахIан хьокъах хоттаделла делахь а, я адамийн хьокъах хоттаделла делахь а.
Мела (ял) - иза бусулба стага АллахIан дуьхьа мел деш долу дика хIума ду, АллахIан декхарех (хьокъах) хоттаделла делахь а, адамийн декхарех хоттаделла делахь а. АллахIа бусулба нахана тIедехкина Шен декхарш (фарзаш) ду: ламаз а, марха а, кхин мел дерг а. Вайна лаахь а, ца лаахь а ницкъ кхочучу барамехь вай лело дезаш, АллахIа вайна цунах мела а луш. Иштта АллахIа вайна мела (ял) ло кхидолчу шен дуьхьа вай деш долчу дикачу хIуманашна а. АллахIа боху Шен Къуръана чохь, бусулба стага деш долчу дикачу хIуманна иттанна тIера, ворхI бIенга кхаччалц мел ло Ша. Кхечу аятехь боху: «Шаьш ийман диллинарш а, цIена хилла йолу Iамалш йинарш а, уьш бу ялсаманин дай (ялсамане гIура берш), шаьш цу чохь даима хир болуш». (Ал-бакъарат: 82) Кхечу аятехь: «ХIоранна а ша йинчу Iамална дарж ду. Цо (АллахIа) бекхам бийр бу царна, цара йинчу Iамалшна (цаьрга хьаьжна), царна зулам дийр дац». (Аль-Ахькъаф: 19).
ХIокху аяташа вайна гойту АллахIа Шен дуьхьа йина Iамал (дика хIума) зиэ йойур йолуш цахилар, мелхо вай динчул а, Ша вайна до дика совдоккхуш ву Иза. Бусулба нахана тIехь ду, дика хIума деш ницкъ мел кхочу шайна мел баккхар. ХIунда аьлча, шеко йоцуш, хIора стаг вала везаш ву, къематденна дуьненахь кечам беш, велча оьшур бу вайна мела, дукха хиларх совбалар доцуш.
Пайхамара аьлла (с.I.с.) АллахIа боху (къудсин хьадисашкахь): «ХIай, Шен лайш! Шух дуьххьара дуьнен тIе ваьллачунна тIера, тIаьххьара дуьнен чу ваьллачунна тIекхаччалц адам а, жин а Шена Iибадат дарца а, АллахIах кхерарца а тIех чIогIа, тIех дика хилча, аша совдаккха хIума дац шуна Шен паччахьаллехь. ХIай, шен лайш! Шух дуьххьара дуьнен тIе ваьллачунна тIера тIаьххьара дуьнен чу ваьллачунна тIекхаччалц адам а, жин а шух мел дукха къинош летош хилча, аша эшам бан а дац шен паччахьаллехь хIумма а. ХIай шен лайш! Шух дуьххьара дуьнен тIе ваьллачунна тIера тIаьххьара дуьнен чу ваьллачунна тIекхаччалц адам а, жин а шу цхьана шерачу аренга гулделла, аша соьга хIораммо шена оьшург дехна, иза шуна делча, шена гергахь кхин эшам хир бацар-кха шен паччахьаллина. ХIорда чу Iоьттина, хьалабаьккхинчу мехо хIордана бинначул эшам бийр бацар-кха Шен паччахьаллина оцу вай дагардинчу хIуманаша».
АллахIа хьекъал а, кхетам а, Iилма а лойла вайна, пайдехь долу, меле долу дика хIума дан!

Автор:
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Мархин бутт
Мархин бутт
Мархин бутт
29.04.20 Общество
Мархин бутт кхабаран дозаллаМархин бутт бусалба стагна чIогIа дика хан ю Далла Iибадат дан. Марха кхобу хан тIехIоттар Комаьрша волчу Делера чIогIа доккха ниIмат ду,
Марша богIийла хьо, Рамадан бутт!
Т1екхаьчна баьлла вайна сийлахь-беза бутт – Рамадан. И бутт везачу Дала къастийна кхечу беттанел даккхийн дозалашца. Рамадан беттахь доссо долийна Делан деза жайна –
Ца хууш кхаьллина хьач
Ца хууш кхаьллина хьач
Ца хууш кхаьллина хьач
18.09.19 Общество
Сарралц кха т1ехь болх бина, суьйренца ц1а вог1уш вара Аюб. Хьоча т1ехь цхьа хаза хьечаш гина, цергех хи тесна, дукха хазбелла, хьоча т1ера хьач баьккхира Аюба. Хьач
Хьаж дечунна хьехам
Хьаж дечунна хьехам
Хьаж дечунна хьехам
07.08.19 Общество
ХьаьжцΙа Веза Воккхачу АллахΙан сийлахь а, маьрша а цΙа ду. Бусалба стагана кхочушдан тΙедиллинчу пхеа парзах цхьаъ ду ХьаьжцΙа вахар, цигахь Сийлахьчу АллахΙана Ιибадат
Марха достучу денца декъалдойла шу, вежарий, йижарий!
Вайна т1екхаьчна даьлла сийлахь-деза де - 1ийд аль-фит1р - Марха досту де. И де дог1уш ду Дала вайна Шен деза 1ибадат - марха кхабар т1едиллина, Дала Шен бу аьлла,











«    Июль 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать