Мотт мел беха деха къам » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Мотт мел беха деха къам
22.04.2020 956 0 niyso

Мотт мел беха деха къам

Общество
В закладки
Кху деношкахь дуьненахь бехачу массо а нохчаша даздеш ду ненан меттан де. Дуьххьара 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен омрица т1еч1аг1дира и дезаде билгалдаккхар. Цу шарахь д1адоладелла, нохчийн меттан де даздеш ду 25-чу апрелехь. Амма къаьсттина Нохчийчохь даздина ца 1аш, массо а вайнаха тидам бо цу денна шаьш миччанхьа а хиларах.
  
    «Мотт мел беха деха къам»- олуш ду вай дайшкахь дуьйна. Иза ларбахь дуьсур ду къам, амма вай вайн ненан мотт тахана 1алаш ца бахь, вайн кхане бодане ю. Ненан мотт бу вайна дахар довза а, къоман оьздангалла йовза а 1амош, къомана а махкана а пайденна болуш, г1иллакх-оьздангаллийца къонахий кхиош берг. Вайн декхар ду ненан маттаца юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин а, историн а бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац. Халахеташ делахь а, вай дехачахь тахана схьагушдолу суьртаца, доьзалехь ненан мотт бийцар г1елделла вайн. Дукхах болу наной и шайн бер оьрсиЙН мотт ца хууш дисарна кхоьруш, хьерабаьлларш санна цаьрна и мотт 1амош бу. Соьга хаьттича, оьрсийн мотт ца хууш и бераш дуьсар долуш дац. Коьртаниг шайн ненан мотт 1амор даркха. 
Тахана билгалдаккха лаьа, Нохчийн республикин куьйгалло ненан меттан тидам беш хилар а, иштта мотт ларбан а, и кхио а 1алашо йолуш, т1еэцна пачхьалкхан программаш хилар а. Амма вайна-арахьахула бехачу нохчашна хало ду ненан мотт ларбан а, т1екхуьучу чкъорана и ма-барра д1акховдо а. Х1унда аьлча, кхечу къаьмнийн юкъахь дехаш ду я оьшучу барамехь книшкаш яц. Амма и кхачамбацарш доцуш санна, ненан мотт ларбар а, т1екхуьучу т1аьхенна и бовзийтарехь а, кхиорехь а ницкъ ма-кхоччу дакъалацар а вайн х1ораннан а коьрта декхар ду. Х1унда аьлча, нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ ненан меттаца бен ма-дарра довзийтийла дац т1екхуьучу чкъорана. 
ХIора шарахь вайн республикехь а дIахьо ненан меттана лерина йолу тайп-тайпана конкурсаш, кхин йолу мероприятеш. ХIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало а, вайн къоман бух а бу. Дагестанехь вехаш волчу х1ора а нохчийчун декхар ду шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш а, езаш а хилар.
Аьтту баьлччара даггара баркалла ала луур дара нохчийн мотт бовзийтарехь, кхиорехь, баржорехь, цуьнга марзо кхолларехь къахьоьгуш болчу Iилманчашна а, яздархошна а, хьехархошна а, журналисташна а. Иштта декъал дан луур дара массо а нохчийн къам вайн ненан меттан денца. 

Автор: Мовсар Баймурадов
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
«Шен бийца мотт боцург къам дац»
«Шен бийца мотт боцург къам дац»
«Шен бийца мотт боцург къам дац»
18.12.19 Год образования в РД
Ненан мотт. Цуьнан маь1на. Иза 1амор, хьехар, доьзалехь, чохь-арахь бийцар.Оцу ладамечу г1уллакхна лерина тайп-тайпана мероприятеш д1ахьо Хасавюртовски хьехархойн
«Ненан мотт - сан дозалла»
Сийлахь сан ненан мотт, хьо-м суна аганахь дуьйна сан мерзачу нанас зевнечу аганан иллица Даймахкахула кхарставеш бовзийтина бай.Со-м сан нанас ненан маттаца хьистина,
25-гIа апрель – нохчийн меттан де
Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, 1алашбахь, Цу халкъан парг1ато Цхьаммо а хьошур яц Мамакаев Мохьмад Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана
21 февраля - Международный день родного языка
Тахана, 21 -чу февралехь, Дуненан юкъара Ненан меттийн Де ду. Ненан мотт хьоьхуш мел болу вайн ишколашкара хьехархой даггара декъалбо ас, "Нийсо" газетан творчески
Кхане - «Орга» журналаца
-Нана, хьоьгахь ерг х1ун ю?-»Орга» журнал ду.

















«    Март 2023    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать