Я суна дага ца догIу-техьа? » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Я суна дага ца догIу-техьа?
18.03.2020 21 0 niyso

Я суна дага ца догIу-техьа?

Общество
В закладки
— Нана, суна дагадогIу, со жима йолуш бердах яхана. Со чIогIа лазийна карийча, хьан йоьхна хьовзар. Буьйсана со, кагбина пхьаьрс лозуш йилхича, ахь суна юххе агIор а яьлла, сан лерехь цхьа гIийла-гIийла узам бира. Со йоьлхучуьра сецира хIетахь. Цецъяьлла. ХIетахь ца кхетара стенах цецъяьлла, хIинца хаьа; сан пхьаьрс хьан даг чохь сайчул а чIогIа лазарх цецъяьлла хиллера. Хьо тхоьгара диканиг даьлча а йоьлхура. ДагадогIу суна, нана. Со деша дIахIоьттина, чIогIа самукъадаьлла цIаеъча хьо йилхина. Цул тIаьхьа ваша деша вахча а. ТIом болуш массо а хIуманах девлла дисича, хьайна ас лергах ухку дашо чIагарш эцча, хьо цкъа йилхира, тIаккха дов дира. Хьайнаш яйна , хьо чIогIа халахетта хиларна ийцира ас хьуна уьш. Уьш-м яккхий а яцара, дукха ахча а ца деллера царах…
Ахь цкъа а хьайн дагара ца дуьйцура доьзалшка, хIумма а цаьрга хетта а ца хоьттура, амма хьуна шадерг а даиман царах дерг хаьара. Ахь тхо стаг волчохь хьаста а ца хьостура, човха а ца дора, гIиллакх лардеш. Тхан деваша хезаш волуш цкъа а тхоьга, тхан цIе йоккхуш, мохь тоьхна кхайкха а ца кхайкхира хьо. Ишколехь тхо хастийна, хьайна баркалла олуш цхьацца совгIат деш хилча, цкъа а и схьаэца тIе ца йоьдура. Хьо юьртахь тIееана нус яра, и несалла хьайн болчу ницкъаца лелийра ахь, юьртахь мел волчух кIант, йоI, ваша, деца олуш, хьаьнггахь а неIарехьа соьцуш, массарна а екхаелла, елаелла йолуш. ДагадогIу суна, оха кегий долуш, хьаша-да веъча оьккхуьйтуш хила къап-къарс. Ахьа-м цхьа дош ца олура хьалха цхьаъ хилча, и тхуна хаьара…
Хьо елха а ца йоьлхура, нахана гуш. Чохь лер-алар хилла хьайна вас хилча а ца хоуьйтура. Вайн цхьа жима бер делча, со саца а ца луш, йилхина дагадогIу суна. Адам даларх ца кхетара хьуна со, нана. Хьан бIаьргаш чохь гулбелла лазам дагах чекхбуьйлура. Кхано буса, вай ваьш дисча, со бердах яханчу хенахь ахь сайна санна, ас хьан лерехь узам бира: «Ва-а нана, сан миска нана, са ма гатделахь», - бохуш. И-м узам барий а хаац, делахь а суна моьттура-кх айса цхьаъ леладо. Жимачу беро санна, белш чу а озийна, чIогIа эга а еш, хьо ехха йилхира. ХIетахь со юха а цецъелира. Ас-м хьан дог эца беш ма бара узам. Ткъа сан узамо хьо елхийра.
Суна дагадогIу уьш.
Вешин дакъа машена чохь а долуш, сой, жимахволу ваший цу машенах а гIоьртина, хоьга и ца алалуш, доьлхуш лаьттина дагадогIу суна. Лулахой, гергарнаш – массо а къайлаваьллера, хьуна дуьхьалхIоьттина, и шийла кхаъ баккха ца луш. Тхойшиъ латта диснера, цхьа дош ца алалуш. Хьуна-м даго хьехна хиллера. «Нана яла шун. Шиъ цIадеа, кхозлагIниг а вохьуш,- аьлла, дуьхьалъелира,- схьа чу ван нана яларг». Сан хIинца а дог шелло, хьан юьхь дагаеъча. Ахь чIогIа садиттира, ца йоьлхуш. Ваша дIавуллучу дийнахь со хьастаелира: «Со йоьлхур яцара, барма лацийтийша соьга»,- аьлла. Суна пурба делира. Ваша дIахьажийна юхайирзича, хьо гира, цIийбелла бIаьргаш а болуш. Хьуна тIехьаьрчина елха а лиъна, хьох ца хIуттуш, со Деле кхайкхича, ахь барт туьйхира: «Саца! Эхь а ца хетий хьайна а, цхьа пIелг санна, цхьа висинчу вешех»,- аьлла. ХIетахь дуьйна хьо чIогIа хийцаелира. Цхьайолчу хенахь хьоьга хьаьжча, суна хьо, дегIан чарх хилар доцург, сица кIантаца лаьхьти чу йирзича санна хеталора. Иштта ехира хьо, тIамо дуьне хьашшалц. ТIом баьлча шадерриге а хийцаделира. Ахь ламаз тIехь даим къинхетам бар доьхура Деле. Уггар а чIогIа цхьаъ бен воцу кIант воьхура. Ас бехк баьккхира хьох цу хьокъехь. «Шу йиъ ма ю, и цхьаъ бен ма вац. НеI цакъовлар, кIур цабайтар, шу еанна децIа ма ду ас доьхург»,- аьлла, жоп делира ахь.
Ма дукха дара-кх уьш - хьо елхийна а, йилхина а хIумнаш. ДагадогIу суна, нана.
Да кхелхича, со дикка йоккха яра. Со цIахь а йоцуш, суна ца хууш, дIаверзийнера и. Со цIаеъча, ахь цу буса соьга и ца хаийтира. Хьалха санна хиллехь-м, суна хаа а мегара. Иштта тIаьхьависина цхьаъ цIакхаьчначохь адам гуллора. ЦIийнах-цIарах девлла, тIамах девдда лелачу вайн тезет а, легашкахь сецна балин шад хилла, дIадирзина хиллачух тера дара. Ас чIогIа мерза наб йира цу буса. Iуьйрана со самаяьлча, мела бIаьрхиш а Iенош, хьо чухула дIа-схьа лелаш яра. И дагадогIу суна… Со хьайга кхайкхича, ца хезаш санна, хьо араелира. Соьга вашас хаийтира. Соьга елхаран мохь баьлча, хьо суна юххе а хиъна, гIийла тийжира: «Нана яла хьан, сан миска буо, ма дог дохий-кха хьан Делан кхиэло!»,- бохуш. Суна вас хиллера, аша сайга буьйсана ца аьлла. ХIинца-м суна хаьа, и буьйса ахь сох бина къинхетам хиллийла.
ДагадогIу суна… Ас хьуна Хьаьжин ЦIера еана юхку коч эцнера, хьоьгахь и муха товр ю дуьхьал а туьйсуш, суо сайна къежаш, цIа кхечира. Хьо урчакх хьийзош Iаш яра. Коч тIейохий гайта аьлла, ас хьуо хьовзийча, ахь и тIеюьйхира. Хьоьгахь товш яра и. «Ва, нана, ма хаза товш ю и!»,- аьлла, тхо хьайна гонаха хьаьвзича, хьо йилхира. Йилхира аьлча а… хьо, къежаш яра, бIаьрхиш дар-кха шайна ма-луъу юьхь тIехула охьаэгаш.
Ас хьоьга хаьттина дагадогIу суна: «Ахь дагара хьаьнга дуьйцу, нана?»- аьлла.
«Охьадоьдучу хине, цIаре, догIане, лайга, уггар Коьртачуьнга – Деле»,- элира ахь. Суна и башха жоп а ца хийтира х1етахь. ДоттагIашца дагарадуьйцуш, уьш хьоме, тешаме хеташ, айса лелориг дош хеташ яра со цу хенахь. ХIинца-м хIора ламаз тIехь, ахь бIаьргаш хьабдина деш хилла хьан доIанан шабарш дагадогIу суна. Со кхетта хIинца-м, ахь цаьрга дагара дуьйцуш хIунда хилла. Хено, замано кхетий со.
Соьх-м хийлазза, сан къоналлехь, хьекъал ца хиларна, хьуна вас йийриг а делира. Сайн аьрхалла бахьана долуш со елха а йоьлхура. Суна дагадогIу… Сайна бохам баьлча а, айса хьуна вас йича а, со хьан когашкахь дIаюьжура. Хьан когаш маракъевлина, гIайби тIе бIаьрхиш Iенош со йолуш, ахь хьайна наб кхетта моттуьйтура. Суна-м хаьара, хьо а йоьлхуш юйла. Вайшиннен а вовшашна къинтIераялар а, гечдар а дара иза. Дешнаш ца оьшура. Вайша кхетара…
Ахь тхан хIораннан а ага техкийра, дахаран некъан лорах доIанаш, бIаьрхиш Iенийра ирсе а, сингаттаме а. Хийла Деле дийхира тхо, хийла тхан гIовлахь тхан наб ларйира, хийла… хийла… хийла… ма дукха дара уьш… и хийла хилларш.
Сайх нана хилла, дахар довза йоьлча, хьуна суо диканца бекхам бан кхуьур юй-техьа бохуш, ойла йора ас. Тийса-м елира со. ХIетте а ца кхиира.
Ма ца кхетара хIетахь, нана. Хьоьца хаддаза, дей-буьйсий ца лоьруш, дагарадийца-м ца хилира сан хан. Кхуьур ю моьттура. Со едда-хьаьддачуьра сецча, дуьне духур ду моьттура. ХIинца-м ю сан и хан хьох ойла ян а, лаахь, сайн кхачамбацарш луьстуш, буьйсана наб йоцуш, дийнахь тем боцуш, дуьне Iаддол сица мохь бетта а. ХIинца со кхетта хьуна, нана, Азаллера Абаде кхаччалц дерг - хеттарш дуй, вайн дахаран некъ беккъа-цIена таллам буй а. ХIун дийр ду тIаккха, хIумма а дац-кх. Далла дика хаьа, ша хьанна ло, хIун ло, стенна ло.
Делахь а, хIинца со цIакхача сиха а ца хуьлу. Дуьне а, шен гуобохуш, хьийзаш ду. Цхьаммо а, со ца гуш ши сахьт бен ца даьллехь а, шина кIиранах бIаьрга гина яц а ца олу, суна дов а ца до… кхин а дуккха а ца… ца… ца…
Айса-сайца ас ден къамел а Абадехь дIадов, цакхетачарна гIовгIа хуьлий, кхетачарна лазам хуьлий.
Хьан чуртан тIулго леррина ладугIу. Сан лазаман узам баьржа десачу дуьненахь.
Нана, дахар сел чаьмза хир ду аьлла дийцинерий ахь суна?
Я суна дага ца догIу-техьа?
Автор: ЭЛДИЕВА Марем
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Оьзда стаг яра хьо...
Оьзда стаг яра хьо...
Оьзда стаг яра хьо...
18.09.19 Общество
Сан нанас вина цхьаъ бен ваша ца висарна гуттар а сингаттам бара сан кийрахь. Амма хьо могуш йолуш самукъа долура. Хlунда аьлча, итт вешин механа хьо хетарна.
Нана ю йоьлхуш...
Нана ю йоьлхуш...
Нана ю йоьлхуш...
03.07.19 Общество
Цкъа а ца хиллачу кепара тийна дара маршрутки чохь. Суна уллехь хиъна йоккха стаг яра. ХIокху чохь а йоцуш санна, ойлане а яьлла Iара и. «Первый линехь сацаелахь»,
Самавалале самавалар
Самавалале самавалар
Самавалале самавалар
26.06.19 Общество
Суьйренашца я буьйсана, дийнан гIар къаръелла, хьайн ойланашца цхьаь вуьсуш, хьо хьуо хьайца хьежаваьлча, айхьа лелорг а, хIара дуьне а, хIара адамаш а, зама а ма эрна
Буьйсанан бере а, беттасин илланча а…
Юькъачу хьуьнхахула вогIучу цо дуьхьал нисделла генаш куьйга дIасатоттура… паргIат дIасахьожура… Массо а хIуманан тидам боккхура… Долахочун бIаьрг кхарстабора массо а
Доьзалехь барт зударий бахьанехь буху
Цхьаьна, цхьа бахам а болуш, цхьа керт а йолуш, бехаш-1аш хилла зударий а балийна вежарий. Дех дисина долу дакъа а, берриге бахам а кхааннан юкъара а болуш, хаза вовшийн











«    Апрель 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
27282930 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать