Казахстане беха некъ » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Казахстане беха некъ
19.02.2020 41 0 niyso

Казахстане беха некъ

Общество
В закладки
Фашистийн Германица дӀахьош бара буьрса тӀом. Мах-кахь мацалла а, хало а яра. ТӀеман цхьа-ши шо дӀадаьлча, фашистийн тӀелетарш совцийна, толамаш баха дуьйладелира советски эскарш. Оцу муьрехь, 1943-1944-чуй шерийн Ӏай, тхан хӀусаме веара, цхьана ханна садаӀа вогӀу аьлла, НКВД-н кхоъ гӀуллакххо.  Хьалха-МартантӀерчу хӀора бохург санна хӀусамашка баьхкинера иштта эпсарш. Дукха хьолахь дийнахь уьш цхьанхьа дӀабоьлхура, ткъа суьйранна юха чубогӀура. Юьртахойн дахарна башха юкъагӀертар а дацара церан. Шаьш фронтан хьалхарчу дозанашкахь дукха тӀемаш бина, гӀелделла, садаӀа даьхкина ду, олура цара, дукха хье ца луш, дӀагӀур долуш а ду. Ткъа дукха хан ялале, нохчий махках бахар схьакхайкхо ши-кхо де диссинчу хенахь, тхан хӀусамера дӀавахара кхайкхаза веана кхо «хьаша». ТӀаккха тхаьш чӀогӀа паргӀатдевлча санна хийтира тхуна. Цул тӀаьхьа ши-кхо де даьлча, тхан нана цхьана гӀуллакхна Соьлжа-ГӀала яхара. ХӀетахь тхан доьзалехь 4, 6, 8 шераш долуш тхо кхо кӀант вара, воккхах верг со а волуш. ХӀинца санна дагадогӀу суна: къеггина хьаьжна малх болуш, дикка йовха яра. Ураман некъаш, хатт боцуш, дакъаделлера. Стоьмийн, къаьсттина туьркан, дитташна тӀера заза датӀа кечделла, чӀенгаш стамъелла, сенъелла яра. ТӀейогӀучу бӀаьстенах, къеггина кхеттачу малхах сакъералуш, ткъа оццу хенахь хӀетталц цкъа а тхох къаьстина, араялаза хиллачу тхешан нанна сагатлуш, иза цӀа яре хьоьжуш, ларъеш, кетӀахь вара тхо кхоъ.
Оцу дийнахь Ӏуьйранна дуьйна хаалуш дара адамаш хӀинццалц ца хиллачу кепара дӀасалелар. Лулара цхьаъ веъна, тхан дега элира юкъарчу сагӀина ен бежана эца ахча гулдеш ду. Ткъа кхиберш баьхкира эскаран деза де билгалдаккха божарий эвлайистехь дӀагулбеш бу, цига вола, аьлла. Амма тхан деваша Магомаев Хасмохьмад лаккхара йоза-дешар дешна а волуш, махкахь а, вайн республикехь а хуьлучу гӀуллакхех дика кхеташ стаг вара (хӀетахь лаккхара дешар дешна нах нохчашна юккъехь дукха а бацара). Цо тхан керташкара (итт гергга болчу вежарийн доьзалш) цхьа а стаг ца вахийтира дӀакхойкхуш хиллачу метте, нийса ца вахийтина а хиллера.
(ХӀетахь дӀагулбина хилла божарий шайн хӀусамашка юха ца бохкуьйтуш, шаьш къастийна дӀабигира Казахстане. Цига дӀакхаьчча, кӀеззиг берш бен дӀа ца кхийтира шайн доьзалех).
Делкъал тӀаьхьа, де суьренгахьа лестича, тхуна геннара гира цӀа йогӀу тхешан нана. Тхо девдда, дуьхьалдахана, маракхийтира цунна. «Мама йогӀу! Мама цӀа йогӀуш ю», - бохуш, даккхийдеш. Амма цуьнан юьхьа тӀехь тхуна ца хааделира йоккхаер. «Нана яла шун, ас хӀун дийр ду те шуна!», - иштта дара, тхо кхоъ къевллина мара а вуллуш, цо дуьххьара аьлла дешнаш.
ТӀаккха цо тхан дега дийцира ша а, ша санна, кхиберш а, цхьа а стаг а дӀаса ца вохуьйтуш, совцийна латторах лаьцна. Ткъа ша, карахь дакхош жима бер ду аьлчий бен, схьа ца яийтира, -элира цо. - Вай цӀерадаьхна, Сибрех дохуьйту боху.
- Иза бакъ дац, - элира тхан дас.
- Бакъ муха дац, цигахь хиллехь хуур дара хьуна иза бакъ ду-дац. Дага ца догӀу хьуна, шаьш сакъоьруш Ӏаш, НКВД-н цхьана эпсаро ЖимакӀанте (тхан деваша Хасмохьмад) аьлла хилла: «Шу махках дохуш ду, сихха кечамбе!» - хӀетахь вай ца тийшира, ткъа иза бакъ ду.
Дог доьхна а долуш, суьйранна тхо чудирзича, карахь яь-ккхина тапча а йолуш, чувеара кхо эпсар. Царех цхьаъ тхоьгахь баьхначарех вара, ткъа важа шиъ вевзаш вацара. Тхан чохь Ӏийначо вукха шинга элира:
- ХӀорш маьрша нах бу, герз, хумпӀар чудиллий, къайладак-кха. Кхаьрга герз а ма хетта, суна хаьа иза кхеран доцийла.
ТӀаккха кхеташ дара и эпсарш тхо долчохь хӀун деш Ӏийна. Герз а гина, со, кхеравелла, хорша а еана, юргӀана кӀел вуьйлира. Баьхкинчара дийцинера нохчий махках баьхна, дӀабохуьйтуш хиларх лаьцна, новкъа мел, хӀун яккха мегар ду.
Арахь Ӏаьржа йолуш, дукха хьалхе самавелира со. Хезаш дара жӀаьлийн угӀар а, бежанийн Ӏехар а. Дерригенах а хаалуш дара махка бохам боьссинийла. Генара дуьйна хезаш яра лаьм-нийн ярташка, цигара нах охьабало, йоьлхучу «студебеккер» олучу машенийн гӀовгӀа. Уьшхаддаза дӀайоьлхуш яра.
Сахилира. Оцу Ӏуьйранна а къеггина хьаьжна малх а болуш, екхна яра. Ялта а, ца хилча йиш йоцу мотт-гӀайба а ворданашна тӀе а доьттина, тхаьш гӀаш а доьлхуш, керташкара массо а гулделла, тхо Хьалха-Мартан эвлайисте дӀадахара. Арадовлуш, оха дӀахийцира бежанаш а, жӀаьла а. Махка бохам бар царна а хаалуш санна хетара. ХӀетахь суна уггар а дагахь диснарг дара тхан девашас уьйтӀа юккъе охьайоьхкина тайп-тайпана киншкаш. Ма кхоам хетара царех.
- Шек ма вала хьо, хӀорш дуккха а хуьлуш хан йогӀур ю хьуна, - элира цо.
Эвлайисте дӀакхаьчча, тхуна гина сурт иштта дара. Бажа санна, шайн салпалца цхьаьна цхьанаметта гулдина дара адамаш. Гобаьккхина лаьтташ салтий бара, карахь адамашна тӀеерзийна автоматаш а йолуш. Дехьо, юххерчу цхьана гу тӀехь, гулбинчарна иштта тӀеерзийна дӀахӀоттийна яра пулемет, юххехь лаьтташ салтий а болуш. Оцу метте дӀакхаьчначул тӀаьхьа, цхьа а стаг цигара меттах ца волуьйтура. ДӀасавала гӀоьртинарг човхавой, юхавер-завора. Салташа бохучух ца кхеташ, юьстахвала гӀоьртина цхьа юьртахо герз тоьхна, вийна бохуш дуьйцура.
Дукха хан ялале схьахӀиттийра киралелон машенаш. Уьш цӀерпоштан вагонашна тӀеботта, нах Ермоловка станце дӀакхуьйлуш яра. Тхуна кхаьчначу «студебеккерна» тхох ах бен тӀе ца хоьира. Тхан ши деваший, дейиший шайн доьзалшца станце дӀабахара, ткъа тхо бухадисира. Амма оцу дийнахь тхан дӀадахар ца нисделира. Салташа бакъо елла, дахана, эвлайистерчу цхьана кертара такхор бохийна, цигара гӀодамаш а деана, уьш кӀел а дехкина, цига эрна арахь охьадийшира.
Ӏуьйранна самадевлча, тхуна тӀетесна хиллачу юргӀанашна тӀехь доккха диллина ло дара.
Оцу дийнахь тхо Ермоловке кхаьчча, цигахь тхан гергарнаш ца карийра тхуна. Уьш цига дӀакхаьчначу дийнахь цӀерпошта тӀе а боьттина, дӀабигина хиллера. Иштта хедира тхо тхешан гергарчу нахах. (Царех цхьаберш тхуна кхин ца гуш, белла дӀабевлира. Бакъду, дукхах берш Алма-Ата гӀала тхуна тӀебаьхкина, тхо цхьаьнакхийтира). 
Тхо киранаш лелочу вагонашна тӀе а доьтти-на, кораш-люкаш, неӀарш арахула дӀа а къевлина, цӀерпошт, миска Нохчийчоь йитина, стенга боьду ца хуу некъ юьхьарлаьцна, новкъаелира.
Беха, хала хиллера Казахстане боьду некъ. Вагонашна чохь чӀогӀа дуькъа а, готта а дара. Адамаш шина гӀаттехь дӀанисдинера, чохь буржуйка олу пеш яра. Кхача кечбарх лаьцна дуьйцийла а яцара. Иза кечбан цхьана а кепара таро яцара. Наггахь цхьайолчу станцешкахь кхача лора. Амма иза, цхьана вагонна чуьрчу нахана цхьана-шина яй чохь делла худар, мацделлачу, гӀелделлачу адамашна кӀезиг дара.
Адамаш чӀогӀа тешна дара шаьш новкъара юхадерзориг хиларх. Вагонашна чуьра хезара доӀанаш а, Деле орца дехар а, назманаш а.
ЦӀерпошт дийнахь-бусий цкъа эрна арахь сацайой, шайн хьаштана арадовлуьйтура адамаш. Уггар халаниг дара вагонийн неӀарш цхьана агӀор бен ца йоьллуш, нах арабовлар оццу агӀор нислуш хилла хилар. Гобаьккхина лаьтташ эскар хуьлура. Божарий а, зударий а, баккхийнаш а, кегийнаш а - мел хала дара вовшех лардала. Амма уьш эхь-бехках ца буьйхира, вовшашца эвхьаза ца бевлира. Къаьсттина хала дара зударшна. Ма боккха бала лайра цара. Амма уьш, нохчийн зударшна хьакъ ма-хиллара, дерригенах а оьзда чекхбевлира. Новкъахь нах цамгаро хьовзош а, валар-висар хуьлуш а меттигаш йогӀура. Кхин дан хӀума дацара. Велларг цӀерпошт сацийначохь лай кӀел дӀавуллура. Шена тӀе тидам бохуьйтуш дара новкъахь адамаш вовшийн чӀогӀа гӀо лоцуш а, вовшийн лардеш а, догъоьцуш а хилла хилар. Цкъа а ца хилира цхьана бахьанина нах вовшашца эвхьазбовлуш меттиг.
Сахуьллуш самадаьхна, хаам бира тхо Казахстанан столице Алма-Ата дӀакхаьчна хиларх лаьцна. Вагонийн неӀарш схьай-иллича, дог хьостуш дацара хьалхахӀоьттина сурт. Кхевссина догӀанца цхьаьна догӀуш ло дара, дегӀах чекхболуш, хьоькхура шийла мох. Тхо стерчий доьжначу ворданна тӀе а доьттина, новкъадевлира. Юха а хууш дацара стенга дуьгу. ДӀакхаччалц ца сецира ло. ЧӀогӀа шелделлера, меца дара. Тхуна бовха кхача кечбина Ӏаш мила хир вара?
Буьйсанна хан яьллачу хенахь дӀакхечира Алма-Атан районерчу «Красный Восток» колхозе. Ша цхьа йолчу цхьана къеначу оьрсийн зудчун хӀусаме диссийра тхо. ЦӀа, тоьла санна, лоха тхов а болуш, жима, тӀе латта тесна дара. Уггар хьалха тӀе тидам бахнарг дара, пешахь дагош дерг дечиг доцуш, ча хилар.
- Шу-м кхидерш санна адамаш ма-ду, - цецъяьллера йоккха стаг. - Тхоьга-м шу вуно даккхий марош а долуш, адамаш а дууш ду ма бохура.
Йоккха стаг тхох чӀогӀа къахетта яра. «Шу гӀелделлий а, мацделлий а хаьа суна, - бохура цо, - дӀо яй чохь кхехкийна бежанан неӀ ду, иза уьрсаца кегий дакъош деш, хедийча, даало шуна. Сан кхин кхача бац». Дела реза хуьлда оцу йоккхачу стагана. Шен дан таро йолчу барамехь гӀо-накъосталла дира цо.
Де-буьйса хийцалуш, шерашца гӀулчаш йохуш, сихъелла, хьалха ца юьйлуш, гӀелъелла, тӀаьхьа ца юьсуш, шен цхьанаэшшарчу боларца дӀайоьду зама. Цуьнан йохалла дӀадовлу бӀеннаш, эзарнаш, цул тӀех а шераш... Иштта дӀайоьду иза хаддаза. Зама дӀаяхарца адамийн дахарехь нисло цкъацкъа кега-мерса хилла, церан кхолламехь йоккха лар ца юьтуш долу гӀуллакхаш. Уьш сихха дицлой, хьалха хиллачуьнга доьрзий, дӀадовлу. Амма заманан йохалла хӀун ду адамашна, дийнна халкъашна ца гуш, цара шайна тӀехь ца ловш - кегий а, даккхий а. Уьш а адамийн чкъоьрнаш хийцадаларца, дукха хьолахь, тӀаьхьарчу тӀаьхьенна дийцаре, тӀаккха бахаре доьрзу. Адамийн кхетамна гена довлу.
Амма зама мел дӀаэхарх, адамийн чкъоьрнаш мел хийцадаларх вайн нохчийн халкъан тӀаьхьарчу тӀаьхьенашна цкъа а дицлур доцуш ду цхьаъ - дӀадаханчу бӀешеран 40-чу шерашкахь вай махках даьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азе а дӀадахийтар, цигахь вай мацалла, шело лар, вайн сий дайар, бала лар, хӀаллакьхилар.
ТӀеттӀа лахлуш бу хӀетахь дехачу кхойтта шарахь вайн халкъаца лелийна харцо шайн сица, догӀмашца лайначу, дагца Ӏаьвшинчу адамийн барам. Цундела мехала ду нохчийн халкъан юкъара бохам шайна гинчу, шаьш лайначу наха цунах лаьцна дош алар, тӀаьхьарчу тӀаьхьенна иза диц цадалийтар.

Автор: МАГОМАЕВ Салавди
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Ненанана
Ненанана
Ненанана
02.10.19 Общество
Ма доккха дозалла ду ненанана дуьнен чохь хилар, ма доккха ирс ду-кх цуьнан йовхоно хьоьстуш хилар. Цуьнан лелар, болар, амат-сибат, ма ша тайпа исбаьхьа хаза хуьлу-кх.
...Ас дозалла до
...Ас дозалла до
...Ас дозалла до
03.04.19 Общество
Хьалхара апрель – Дег1астанан Радиохь нохчийн маттахь йолу редакци кхоллаелла де.
Доьзалехь барт зударий бахьанехь буху
Цхьаьна, цхьа бахам а болуш, цхьа керт а йолуш, бехаш-1аш хилла зударий а балийна вежарий. Дех дисина долу дакъа а, берриге бахам а кхааннан юкъара а болуш, хаза вовшийн
Къизаллин шераш
Къизаллин шераш
Къизаллин шераш
20.02.19 Общество
75 шо. Цхьана стеган оьмар. Оццул зама д1аяьлла, хууш ма-хиллара, вайнах махках а баьхна, оцу пана махка – Казахстане а, Юккъерчу Азе а д1ахьовсийна.Баккхийчеран
Кхане - «Орга» журналаца
-Нана, хьоьгахь ерг х1ун ю?-»Орга» журнал ду.











«    Апрель 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
27282930 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать