Стаг гIиллакхо хазво

Цкъа юьхьенца дукха хан йоцуш сайна гинчу цхьана хIуманах лаьцна дуьйцур ду ас.Тхан юрт тIаьхьарчу хенахь йоккха хилла йогIу. Ерриге а Нохчийчохь санна, дуккха а керла цIенош ду кхузахь деш, кхоллалуш къона доьзалш бу. Кегийчеран аьтто хилча, вайна, баккхийчарна, хазахета, уьш вайл а дика баха лаьа. Ткъа муха хуьлу церан вовшийн довзар а, дистхилар а, дагара хаийтар а? Хьалха санна, хинан йистехь я синкъерамехь, ловзаргахь гар ма ца нисло хIинца. Гар, дистхилар дагахь доцчу меттигехь, цецваллал долчу хьолехь нислуш а хуьлу церан наггахь.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля