Мотт ца хуу безам

Аьхкенан юьхь яра. Дала Шен 1аламан хазалла, дуьне мел ду д1аса а яржийна, адамашка цунах марзо оьцуьйту хан. Сийначу стигалахь, маь1-маь11ехь нисбеш, охьабиллинчу к1айчу бамбех тера йолу мархаш 1охкура, ткъа къеггина кхеттачу малхо, ша дохдечу дуьненна т1ехула эсала б1аьрг кхарстош, стигалан 1аьрчашкахь тийна нека дора, наг-наггахь мархийн раьг1нашна т1ехьа къайла а болуш. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля