М-С. Гадаевн 110 шо кхачарна лерина

Нажи-Юьртан к1оштара бахархоша, къаьсттина берриге а нохчмахкахоша, йоккха сийлалла лору шайна Гадаев шайн махкахь вина а, кхиъна а хилар. Цуьнан каш Чуьрч-Ирзехь,ткъа цо шен бераллин мур-той д1адаьхьначу Ц1ен-Берда т1ехь бу, Мохьмад-Салахьан весет кхочушдеш, цуьнан лаккхара лерамбарца махкахоша цунна боьг1на х1оллам а. «Дог-мерза гул а лой… дегнийн хьу» йостий, нохчийн тоьлла поэт Гадаев дагалаца гулло кхузахь вайн республикин массо а маь11ера схьаоьху цуьнан поэзи езархой. Гадаевн безамна д1ахьочу оцу даздаре баьхкинера НР-н 1илманийн академин президент Гапуров Шахрудди,вице-президент Дадашев Райком, НР-н халкъан поэт Рашидов Шах1ид, меттигера администрацин куьйгалхой,  поэт Цуруев Шарип а, Ясаев Леча а, иштта кхин а яздархой а, журналисташ а, НР-н дешаран Министерствон министран заместитель Каимов 1абдурахьман, НР-н культурин Министерствон векалш, хьехархой, дешархой, Гадаевн юьртахой а.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля