Нохчийн поэтан Саиев Iумаран юбилей » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Нохчийн поэтан Саиев Iумаран юбилей
11.12.2019 29 0 niyso

Нохчийн поэтан Саиев Iумаран юбилей

Общество
В закладки
Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь, Республикин Къоман библиотекехь, вевзаш волчу нохчийн поэтан Саиев Iумаран юбилейна лерина суьйре дIаяьхьира. Нохчийн Яздархойн союзо а, Къоман библиотекин белхахоша а вовшахтоьхначу цу мероприятехь дакъалоцуш бара нохчийн яздархой, Iилманан белхахой, журналисташ, литература езархой. Суьйре дIахьош волчу яздархочо Темиргираев Асланбека дийцира Саиев Iумарх лаьцна. Жима волуш дуьйна стихаш язъеш а, поэзига а, исбаьхьаллин а даше болу безам ларбеш а схьавогIу Iумар. Цунна дика хаьа нохчийн мотт, девза дешан мутт. Асламбека билгалдаьккхира поэта шен говзаршкахь къаьсттина хазачу басаршкахь Iалам гойтуш хилар.
Саиев Iумаран дахаран новкъах а, кхоллараллех а лаьцна дийцира литературни критика Бурчаев Хьалима. Кхаа поэтически гуларан автор ву Iумар, элира цо. Цуьнан ирс хилла школехь доьшуш волуш дуьйна нохчийн сийлахьчу яздархочун Айдамиров Абузаран дешархо а, тIаьхьалонча а хила. Абузара новкъа ваьккхира къона поэт, мах хадийра цуьнан кхоллараллин. «Нохчийн Iаламан лирикехь хьанал къахьоьгуш ву Саиев Iумар»,  –  элира халкъан яздархочо, Iумаран поэзех дош олуш.
Хьалима билгалдоккху Iумар критика дика тIеоьцуш а, шена дина хьехар схьалоцуш а хилар. Иза чIогIа жоьпалле ву шен кхоллараллехь, элира критика. Нохчийн литературехь кхуьуш йолчу керлачу жанрехь   – афоризмаш язъярехь – жигара къахьоьгуш ву Iумар. Цуьнан афоризмаш Iаламат доккха маьIна долуш, шайна чохь дешан говзалла хилла ца Iаш, дахарехь зеделларг  а, хьекъале жамI а долуш ю.
  Поэт хьанал къахьоьгуш ву, дуьйцу Хьалима, иза, стихаш язйина ца Iаш, драматургехь а шен ницкъ зуьйш ву. ХIинцале масех пьеса зорбане яьлла цуьнан. 
Ша къахьоьгучу муьлххачу а хьаьрмехь балхаца кхиамца ларош, шех ала дика дош дуьтуш, диканна шен дог схьа а диллина, схьавогIуш ву Iумар, элира Хьалима. Цо лаккхара мах хадийра поэтан кхолларалин а, амалан а агIонийн.
Саиевх лаьцна хаза къамел дира Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президента, академика Дадашев Райкома. Поэтан кхоллараллин лаккхара мах а хадийна, цо нохчийн литературина юккъе  дуккха керланиг дилларх лаьцна дийцира цо: «Саиев Iумар шатайпа меттиг дIалоцуш ву нохчийн литературехь, иза поэт-керлахо ву, хIунда аьлча шен кхоллараллица дуккха а керланиг деана цо литературина юккъе».
  Iилманийн  Академин цIарах Сийлаллин грамота а, ахчанан совгIат а ло Райкома поэтана. 
Цул тIаьхьа поэтах а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна дуккха а наха къамелаш дира – уьш 20 сов стаг вара. Цара массара а лаккхара мах хадийра цуьнан кхоллараллин, хастийра цуьнан амал, билгалдаьккхира Iумар оьзда а, доьналла долуш а, комаьрша а, леррина динан гIуллакх лелош а, догцIена а стаг хилар. Цуьнца цхьана белхаш бина а, дешна а, кхоллараллин хьаьрмехь цхьаьна нисбелла а нах бара уьш. Къаьсттина мехала дара поэтан юьртахоша цунах лаьцна хаза дош алар. 
   Яздархочо Айдамирова Машара элира, шаьш, юьртахоша, доккха дозалла до Iумарх. Иза дика поэт, яздархо хилла ца Iаш, дика стаг а ву, гIо оьшучунна шегара дика цкъа а кхоор доцуш. Цуьнан поэзин шатайпа мукъам бу, хIора дош шен меттахь а, маьIна дуьззина а, суртхIоттор говза а долуш, чIагIдира Машара.
Юбилейни суьйрене баьхкинчарна гучуелира Iумаран похIмин кхин цхьа агIо а: шен стихашна мукъамаш бохуш ву иза. Иштта Iумара яьккхина йиш «Цхьанна дуьне доккха ду» йоккхачу говзаллица дIаэлира Исраилова Тоитас. Поэтан стихаш тIехь даьхна масех илли а дийкира суьйренехь. Уьш дIааларца хьовсархойн самукъадаьккхира республикехь шуьйра вевзаш волчу Исмаилов Шарпуддис а, Абдулкеримов Ильяса а, ткъа иштта къоначу артисташа а. 
Суьйре ерзош, ша лерина баьхкинчу нахана баркалла элира Iумара. Шен кхоллараллин лаккхара мах хадоро ша декхаре во кхин а дика а, доккха жоьпалла долуш а хиларе, элира Iумара. Ша халкъан дуьхьа шен ницкъ а, хаарш а кхоор дац аьлла, чIагIо йира поэта.

Автор: АРСАНУКАЕВ Муса
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Сийлахь яздархо дагалоцуш
28-чу октябрехь Соьлжа-ГIалахь Къоман библиотекехь дIаяьхьира Нохчийн халкъан яздархо Абузар Айдамиров дагалацаран суьйре. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн республикин
Поэтан кхоллараллин суьйре
Нохчийн республикехь а, цуьнан дозанал арахь а шуьйра вевзаш волчу нохчийн поэтан Яричев Iумаран кхоллараллин суьйре дIаяьхьира кху шеран 14-чу октябрехь Соьлжа-ГIалахь
Нохчийн поэтан Исмаилов Абун юбилей
14 августехь, Соьлжа-ГΙалахь Къоман библиотекехь дΙадаьхьира нохчийн поэтан, яздархочун, Ιилманчин Исмаилов Абун 70 шо кхачарна лерина даздарш.
Зорбанера араяьлла шатайпа книга
Дукха хан йоцуш зорбанера араяьллачу «Литературно-географический атлас Чеченской республики» цІе йолчу книгин презентаци дІаяьхьира январь беттан 10-чу дийнахь
Поэт халкъан иэсехь вехаш ву
Нохчийн поэт Мамакаев Iарби дуьнен чу ваьлла 100 кхачарна лерина кхоллараллин суьйре дIаяьхьира кху шеран 18-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн драматически театрехь.











«    Январь 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать