
Пайхамарна Салават диллар
Общество
В закладки

Цу дийнахь чIерий леца ваханчу бусалба стага боккха чIара лаьцна хилла. Жуьгти кхаьрга вогIучу хенахь лулахочун зуда цу чIерах яахIума еш хилла. Шен майрачуьнга дIа а кхайкхина, цу чIеран кийрара ша схьадаьккхина мухIар дIагайтина зудчо. Лулахочо-жуьгтичо шега лардан делла мухIар а девзина, чIогIа цецваьлла хилла бусалба стаг. Цу балхана тIаьхьа ца кхиарна, гIеххьа воьхна а волуш, жуьгти волчу чоьхьаваьлла иза. ХIара юьхьа тIера хийцавелла а гина, жуьгтичо аьлла:
– Кху сохьта ас хьайга делла мухIар охьадиллал!
Цо шега сел юьхь йоцуш иза аларна, новкъа а деана, делахь а собарх ца вухуш, бусалбано жоп делла – Дерриге а, Мухьаммад-Пайхамарна Салават а дуьллуш, дан деза.
Салават а диллина, жуьгтичуьнга цуьнан мухIар дIа а кховдош, цо аьлла:
– Со цец ца ваьлла мухIар дарах, суна тамашийна хеттарг иза муха карадар ду.
Жугти, цецваларна, Iадийна хилла, лулахочо шега мухIар схьаделча. Цо дехар дина шен лулахочуьнга:
– Хьайн Сийлахьчу а, Везачу а Делан дуьхьа дийца суна, мичахь карийна хьуна сан мухIар?
Бусалба стага аьлла:
– Ас тахана Iуьйранна лаьцначу чIеран кийрахь сан зудчунна карийна иза.
Оцу балхах цецваьлла а, воьхна а волчу жуьгтичо чIогIа дехар дина бусалба стаге:
– Суна бусалба стаг хила лаьа, хIун дан деза ас иза хилархьама? Суна гуш ду мел нийса а, комаьрша а ву АллахI-Дела!
Бусалба стага шахIадат даладайтира цуьнга, иштта ислам-дин тIеийцира цу жуьгтичо.
Комментарии (0)

Кху шеран 23-чу августехь Нохчийн Республикерчу Шела –гΙалахь схьадиллина Европехь а уггаре доккха маьждиг. Иза дан долийнера 2012-чу шеран декабрь баттахь, ткъа цуьнан

Цкъа а ца хиллачу кепара тийна дара маршрутки чохь. Суна уллехь хиъна йоккха стаг яра. ХIокху чохь а йоцуш санна, ойлане а яьлла Iара и. «Первый линехь сацаелахь»,

Цхьаьна, цхьа бахам а болуш, цхьа керт а йолуш, бехаш-1аш хилла зударий а балийна вежарий. Дех дисина долу дакъа а, берриге бахам а кхааннан юкъара а болуш, хаза вовшийн