Кху т1аьхьарчу иттананнаш шерашкахь цхьамогг1а яккхий террористически акташ йина вайн махкахь. Ткъа царах уггаре а къизачех ерг – иза Бесланехь хилларг яра, шен жам1ашкахула дуккха а бераш х1аллакьхилла йолу. Ткъа дерриш а цигахь х1аллакьхилла 350 сов адам. Чевнаш хилла 500 сов стагана. Тахана вай дагалоьцу иштта Москвахь, Нохчийчохь, Дагестанехь, Буденновскехь, иштта мехкан кхечу регионашкахь а х1аллакьхилларш.
Тахана а йоккха политически проблема хилла юьсуш ю терроризм. Цунна дуьхьало яр, оцу декъехь профилактика ярехь керла кепаш юкъаялор – коьрта декхар ду бакъонаш-ларъяран органийн хилла ца 1аш, иштта вайн ерриге а юкъараллин а. Тахана къаьсттина боккха тидам т1ебахийта безаш бу социальни сеташна, х1унда аьлча, карарчу хенахь кегийрхой 1ехоран коьрта г1ирс ашашларалуш бу уьш. Цундела профилактика яран белхаш уггаре а хьалха д1абахьа беза кегийрхошца. Шайн дахаран-1еран г1уллакхаш атта къасторхьама экстремистийн тобанех д1акхета цхьаболу кегийрхой. Цуьнца цхьана цара х1аллакдо шайн дахар а, хиндерг а. Цундела радикальни хиламаш кегийрхошна юккъехь ца хилийта, церан бакъонийн культура лаккхаяккхарна лерина мероприятеш д1аяхьа еза денна а, массанхьа а. Юридически бакъонаш хааро а зуламаш дарх юхабохур бу кегийрхой.
Тахана дерриге а дуьненна хууш ма-хиллара, къаьсттина доккха зулам даьлла терроризмах вайн къомана. Нохчийн дукха к1ентий декъалхилла, таханлера сирла денош вайн махкахь д1ах1итто г1ерташ. Уьш цкъа д1абевр бац вайн дегнашкара. Вай даим а къийсам латто беза терроризмана дуьхьал, и хала хенаш вайна т1е кхин ца х1иттийта. Вайна массарна хаа деза терроризм – иза массо а адаман мостаг1 вуйла. Ткъа иза вай эшор ю, вай массара кхоччуш дуьхьало йича.
Дала лардойла вай вочух!
Айна БИБУЛАТОВА