Кегийнаш кхиорехь хьехархочун маьIна

Муьлхха а болх сийлахь бу, олуш ду-кх халкъалахь. Ткъа безаш и болх белахь, кхин а алсам сий дан деза-кх цуьнан. Шен даго къобалбечу балха кхаьчначу стага и болх мел лерина бо. Шен кхиамех воккхаве иза, цахуучунна тIекхиа гIерта, шен говзалла лакхаяккха а, иза кхачаме хилийта а къахьоьгу цо. Ткъа хьехархошна юкъахь говзаллин хьал гуттар а тодан дезаш, белхан хьелашкахь керл-керланиг Iамо дезаш хуьлу. Иштта заманан лехамашка хьаьжжина, къахьоьгуш ю Шелан районерчу Чуьрийн-Эвларчу номер 1 йолчу юккъерачу школехь хими хьоьхуш йолу Баудинова Разет Мовсаровна. Кху школехь дешна а, иза 1990-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина а ю Разет. Дешаран предметашна юкъахь йоIа хаьржина а, къаьсттина шен терго цо тIейохуьйтуш а яра хими а, биологи а. Цундела хир дара иза школа яьккхинчу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан химико-биологин факультете деша яхча. Школехь хьехархой тоьуш цахиларна а, хIара тIех дика доьшуш чекхъяьлла хиларна а, Разете балха йола элира. Iуьйранна школехь болх а беш, ткъа делкъал тIаьхьа университетехь деша а доьшуш, пхеа шарахь къахьийгира йоIа. ХIара, хьуьнаре а хиларна, ша дийриг, мало ца еш, даггара деш а хиларна, 1995-чу шарахь дешна а елира, балхаца лара а йира. –Хала хан яра иза. Боьдуш тIом бара вайн республикехь, – дуьйцу Разета. – Цу хенахь школера тхан болх сецна а бацара. Урок лучу хенахь, яккхийчу тоьпийн хIоьънаш лелхаш, татанаш хезара, кеманийн гIовгIа, цара тIееттачу ракетийн лелхарш хаалора. Бераш леррина хьан бIаьргаш чу хьовсура, и татанаш хезча, ахь х1ун до, хьо йоьхна ю-яц хьоьжуш. Хьайн кхераялар царна гайта йиш яцара, уьш синтеме хилийта дезара, хIунда аьлча хьох тешна кегий, экам синош ма-дара уьш. Атта мур бацара иза лан, делахь а Дала вайна собар а, ницкъ а белира и ерриге а халонаш иэшо. 
Разета юьхьенца хими а, биологи а хьоьхура берашна. Шо шаре мел долу толуш, схьабогIура къоначу хьехархочун болх, говзалла лакхайолура, дика кхиамаш хуьлура. Ша деш дерг леррина деш, белхан тIаьхьало дика хилийта гIерташ, дешархойн хаарш тодеш, къахьоьгура Разета. Кхунна гонах дуккха а шерашкахь болх а бина, алссам зеделларг а долуш, хьехархой бара, хIара царна хьалха дешна а, кхиъна а яра. Мичча хенахь а шен балхаца йолу хало аттачу яккха йиш яра йоьIан, шен хьехархойх дага а яьлла. Ишттачу хьоло дог иракарахIоттадора, белхан коллективехь ша оьшуш хилар а, шех тешийна доккхачу жоьпаллин гIуллакх хилар а хоуьйтура.
Республикехь тIемашца хилла чолхе зама, жим-жимма аттачу хьоле йоьрзуш, дIаелира. Машаре хан тIеара. МеттахIитто йолийра йохийна гIаланаш, ярташ. Де дийне мел долу, толуш дара школийн хьал а. Вайн школашкара дешна бевлла кегий нах республикерчу вузашка а, кхечу гIаланашка а деша боьлхура. Химехула дIалучу  Пачхьалкхан экзаменна леррина кечам бора Разета шен дешархошца. И экзамен дIаяла  кечвеллрг цхьа а иза дIа ца ялалуш ца висира. Иза уггар хьалха хьехархочун кхиам бара, хIунда аьлча цо деш дерг, цхьа Iалашо а йолуш, тIаьхьалоне хьажийна дара. Разета кечбина дешархой, медицински факультеташка а, кхечу меттигашка а деша а бахана, уьш чекх а яьхна, вайн республикехь а, кхечу регионашкахь а къахьоьгуш бу. Ишшта царна юкъахь бу: Республикански больницехь неврологан болх беш волу Айдамиров Селим, Соьлжа- ГIаларчу цхьана больницехь кардиолог волу Айдамиров Зелим, иштта Соьлжа-ГIаларчу номер 4 йолчу больницехь отделенин заведующи йолу Дадаева Хадижат, республикехь а вевзаш волу стоматолог Юсупхаджиев Мохьмад. Уьш дуккха а бу, дешна бевлла, лоьрийн а, кхийолу а корматаллаш караерзийна кхуьнан дешархой, таханлерчу дийнахь вузашкахь а, дешаран кхечу заведенешкахь а доьшуш а бу. Разетана а, дайн-наношна а дозалла хилла ца Iа, кхиамца дешна а бевлла, шайна безачу балха хIиттина и кегий нах, иза цара дешначу школина а, юьртана а  дозалла ду. Хьехархочун белхан мах хадош долу гIуллакх а ду иза, дуккха а дешархоша лаккхара дешар чекхдаккхар, махкана оьшуш йолу корматалла цара караерзор. 
Разета районехь а, республикехь а дIахьош йолчу хьехархойн конкурсашкахь дакъалоцу. Иштта духхьара 2009-чу шарахь толам баьккхира цо «Шеран хьехархо» цIе йолчу республикин конкурсехь, «Корматаллина тешаме хилар» аьллачу номинацехь хьалхара меттиг а яьккхина. Разета хIора деа шарахь ша болх бечу школехь хими лучу хьехархойн районан семинар дIахьо, ша вовшах а тухуш. Иза кхуьнан говзаллин лаккхара мах хадош долу гIуллакх ду. Шен дешархоша хIора шарахь республикехь а, ерриге а Россехь а дIахьочу конкурсашкахь дакъалоцу, боху хьехархочо. Дешархоша толамаш боху регионан тIегIанехь «Баккхий гайтамаш», «Iалам лардар» цIе йолчу а, иштта кхечу а конкурсашкахь.  Дешархойн кхимаш хьехархочуьнца боьзна бу, хIунда аьлча цо кхечбо уьш цу гIуллакхна, шен хан а йойъуш, керланиг царна Iамо а гIерташ, церан хааршца йолу ледарлонаш дIа а йохуш. Цу балхана шортта хан а, собар а оьшу, ткъа иштта берийн хаарш мел ду а, церан мах хадо а хаар хила деза.  –Хьехархочун болх цкъа а ца хилла атта. Хьайн корматаллин хаарш хьоьгахь хиларх тоьаш ма дац, и хаарш берашна дIадала а, уьш царна мел Iемина а хаа деза. Цул сов, дешархойн хаарийн барам, церан  психологи,  цара ойла яр, амалийн башхаллаш – и дерриге а хаа деза хьехархочунна, – дуьйцу Разета.  – Суна ца хаьа, сайн дешархой муьлш хир бу дахарехь, хIун корматалла хир ю церан. Уьш берриш а лоьраш а, химикаш а, биологаш а, технологаш а хуьлийла дац, царна мел дика хими я биологи хаарх. Коьртаниг уьш дешна а, дика а, хьекъале а, вайн халкъана а, Даймахкана а пайден а хила лаьа суна. Царах дика адамаш хила лаьа. ТIаккха оха, хьехархоша, беш болу болх эрна ца хуьлу. Суна чIогIа хазахета сайн хилла дешархо школе веача, сайгара хьал-де хаьттича, шен балхах лаьцна цо дийцича. Шен дешархошна ша виц цавалар, шега ларам хилар чIогIа мехала ду хьехархочунна. Баркаллин дог-ойла дешархошкахь латтар – мел доккха гIуллакх ду иза цунна. ТIаккха хаьа хьехархочунна ша церан дахарехь беркате лар йитинийла. Цуьнан дуьхьа а мегар дара школехь къахьега.Иштта шен балхах лаьцна кхоллаелла ойланаш йовзуьйту Разета.  Гуш ду цунна шен болх безаш хилар, шен хаарш дешархошна дIадала иза кийча хилар. 
Тахана Разет районехь а, республикехь евзаш а, лоруш а хьехархо ю. ХIара районехь химехула олимпиадаш дIаяхьаран эксперт а, республикехь дIахьочу «Шеран хьехархо» конкурсан жюрин декъашхо а ю. 
Разетан дуккха а совгIаташ ду хьехархочун балхахь цуьнан баккхий кхиамаш хиларна делла. Масала, Россин Дешаран министр Фурсенко волчу хенахь елла Сийлаллин грамота ю цуьнан цу министран цIарах. Нохчийн Республикин дешаран министерствон а, Шелан районан дешаран урхаллин а, Шелан районан а, Чуьрийн-Эвларчу а администрацийн а цIарах а дуккха а грамоташ а, совгIаташ делла цунна. Амма уггаре а доккха совгIат – кхуьнга а, кхуьнан балхе а дешархойн а, дай-нанойн а, школин куьйгаллин а, белхан накъостийн а болу ларам бу, кхуьнан балхана уьш резахилар, кхунах дозалла дар а ду.
Тахана санна школехь деша аьттонаш цкъа а хиллий те аьлла, хета шена, боху хьехархочо. Масала, химин хьехархочун хьалха цкъа а ца хилла таханлера таронаш, гайтаран гIирсаш, электронни технологеш.  Шаьш дерриге а деш ду берийн дика хаарш хилийта, урокашкахь хан ца тоьаш хилча, кхин тIе беш болу болх а бо шаьш предметах долу хаарш лакхадахархьама, дуьйцу цо. Бераша дешчхьана, таронаш йолуш ю. 
«Хьайн белхан коьрта Iалашо хIун лору ахь?» – хотту ас Разете.
–Суна чIогIа лаьара дешархошна айса хьоьху хими дика хаьа, – боху цо.  – Ас хьалха ма-аллара, уьш берриш а химикаш хир бац, амма цу предметах долу хаарш царна дахарехь оьшур ду. Тахана, халахеташ делахь а, жоьпалле дац вайн дукхахдолу бераш, хIума атта мел хили а, иза деза царна. Къинхьегам безаш берш дукха бац, ловза луурш алсам бу. Вай дукха дийцина, дуьйцуш а ду телефонаша вайн берашна деш долчу зенах лаьцна. Оцунах дай-наной кхета лаьара суна. Телефонаша берашка ойла ца йойту, церан кхетамна новкъарло йо, уьш дуьне а, Iилма а довзарехь тIаьхьатотту. Книгаш йоьшуш дукха бераш дац, цундела церан мотт ца кхуьу, ткъа оцо дешарна йоккха новкъарло йо. Иза ду халахеташ дерг. 
Вайн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла иштта мехала дешнаш: «Хьехархочо къам кхуллу». Мел лакхара мах хадийна цо хьехархочун белхан! 
Массо а заманашкахь хилла хьехархочун болх юкъараллехь лерам болуш. Берана диканиг хьоьхуш, вочунах иза лардеш, хаарийн инзаре дуьне цунна схьаделларца дахаран сирла некъ цунна бостуш верг ма ву хьехархо. Дала аьтто бойла Разет Мовсаровнин а, и санна хьанал къахьоьгучу массо а хьехархочун а. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля