Ца хуучарна довзийта а, хууш болчарна карладаккха а 1алашо йолуш, довзийта лаьа, мархийн беттан дозаллех лаьцна. Х1ун дича дика ду, йа муьлха белхаш 1аддита деза кху беззачу баттахь? Иза дерриге а йукъа а лоцуш, шуьйра довзуьйту Хасавюртан к1оштан Нурадилово йуьртарчу имама Темиев 1ийсас.
— АлхьамдулЛах1. Берриге хастам АллахIана бу. Цуьнга гечдар а доьху, Иза хеста а во. Цуьнца ларло вай массо а вочу Iамалех. Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Ша Цхьаъ ву Иза, накъост а вац Цуьнан. Аса йуха а тоьшалла до: Мухьаммад Цуьнан лай а, Цо ваийтина элча а (Делера салават хуьлда цунна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а) хиларца.
Сайна хуучунца рамадан беттан а, марха кхабаран а дозаллех а лаьцна хьахор ду аса. Баккъала а, шена чохь дийнахь марханаш кхобуш, буьйсана ламазаш деш, безза бутт бу х1ара. Ялсаманен не1арш д1айоьллуш, жоьжахати д1ач1ог1уш йу кху баттахь. Дика ду, Дела реза волу 1амалш дуккха йар, масала: къуръан дуккха дешар, саг1анаш дахар, иштта д1а кхин а. Ткъа вай кхоьллинчо и йал сов а йоккху, къиношна а гечдо. Х1окху беркате бетта чохь йича дика йолу а, ца йеш 1адйита йеза а 1амалш хьахор йу вай.
-1уьйкъана гIаттар. 1уьйкъана гIаттар а, х1ума кхаллар а дика ду. Мухьаммада (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Iуьйкъана йаахIума йуийла аша — бакъдолуш Iуьйкъе йарехь беркат ду» — довзийтина- Дела реза хуьлда цунна, Маликан кIанта Анаса. Иштта, «Вайн а, керстанийн а мархийна а йукъахь къастам бийриг Iуьйкъана йуу йаахIума ю» довзийтина Iамр ибн ал-Iаса, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла.
-Марха сихха дастар. Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла довзуьйту СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлда цунна): «Адамашкара дика хедар дац, цара марха сихха мел досту». Ткъа Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезза аьлла: «Бусалба дин лекха лаьттар ду, наха марха сихха мел досту. Баккъала, жуьгташа а, керстанаша а марха дастар тIаьхьатоттуш ду».
-Дита дезарг. Кху безачу баттахь магийна доцург, иза дег1ан лаамашна т1аьхьа вазар ду. Доцца аьлча, йисинчу ханна а хьарам динарг ду, шен йукъахь дийнахь х1ума йаар, хи малар доцуриг, масала: эрна къамел дар, шена йукъахь эладита а, гIийбат а, осала долу хабар а долуш. Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Харц дерг дийцар а, цуьнца Iамал яр а Iад ца дуьтуш верг – АллахIана оьшуш дац цо даар а, малар а Iаддитар».
-Марха дастийтар. Марха кхобуш волчуьнга марха дастийтар дезза ду. Х1унда аьлча, цунна мел хуьлу марха кхаьбначунна хуьлуш болчунна санна.
-До1а дар. Марха кхобуш волчун доIанна жоп луш ву Аллах1. Иза духа тухуш дац. Маьрк1ажа хан т1екхочуш, Деле дуккха дехар дика ду. Хьадисехь билгалдина вайна – «Кхоъ стаг ву доIа духа ца тухуш: нийсо еш волу паччахь; марха кхобуш верг, цо марха дастталца; шена зулам диначунна доIа а». Х1окху Делан элчан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) къамелехь гучудолу вайна, марха кхобуш волчо дуккха Аллах1е дехар дика хилар.
— Марха дастар. Марха дастар, дезза ду хурманца. Нагахь санна иза йацахь, шура йа хи мала деза. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша ламаз дале хьалха марха достура тIеда хурманца. Иза ца хилча, йекъачуьнца достура цо. Ткъа иза а йацахь, хи молура, аьлла деана жайнашкахь.
— Лайлатул къадр буьйса. Иштта буьйса йу иза, шен чохь йина 1амал эзар баттахь йинчулла а дика йолуш. Иза ларйан йеза аьлла довзийтина вайна мархийн беттан тIаьххьарчу итт дийнахь. Дукха хьолахь, хила тарло шалза терахьашкахь. Аьлла ду – «Лайлатул къадр» буьйса бакъ хиларх теша а тешаш, шена мел хиларе дог а дохуш, буьйсана Iибадат динчунна гечдийр ду хьалха хилла долчу къиношна».
— ТIаьххьара итт буьйса ларйар. Кху беттан кхоалг1а дакъа уггаре дезза лерина. Цу йукъа йог1у т1аьххьара итт буьйса. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вайна дитина масал ду. И хан дуккха а Iамал йеш д1ахьош хилла цо. Иштта, Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Рамадан беттан тIаьххьара итт де тIедеъча, Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) верриге Iибадатана тIевоьрзура, буьйса ламаз деш йоккхура, шен доьзал а хьалагIаттабора цо».
Далла Iибадат дан уггаре беркате кийсак йу мархин бутт. Х1унда аьлча, къемат дийнахь ша кхаьбначунна шапаIат дийр долуш ду марха. Дуьненах 1ехавеллачунна динчу верза аьтто бу х1окху хенахь, х1унда аьлча- иблис а, цуьнан эскар а буржалш тоьхна д1адихкина Дала. Дечу г1уллакхца, олучу дашца, шегара диканиг долуьйтуш, шен тароне хьаьжжина саг1а луш, Аллах1 дуккха хьехавеш, суннат 1амалш йеш алсам вала хьажа веза х1ора а. Дала декъалдойла вай дерриге. Дала вайна беркате хуьлитийла х1ара мархийн бутт. Галаваьлла лелаш верг, кхуьнах бахьана а хилла, нийса некъа т1е воккхийла Дала.
Амин йа Аллах1. Дела реза хуьлда хьуна, 1ийса. Дала диканца бекхам бойла хьуна. Дела реза волччу кепара х1окху беркате мархийн беттан сий дан ницкъ, могашалла, ийман хуьлда вайн.