Іер-дахарх а, кхечух а ойланаш…

Іуьйре хаза хан ю… Бакъду, цхьаболчу нахана-м цкъа а хуур а дац иза иштта юйла. Наб ю бехке. Къанвала воьлча а хилла юьртара Іуьйренаш къаьсттина хазахеташ. ХІаваъ уьнах цІена, керла, бецан тхи – Іаламан цергех дийлина хи… дитташна тІера илланчийн тоба… хьан кертарчу синтар тІера чІегІардиг цхьа дар-дацарш дІахьедеш хеза лулахойн агІора схьа яппарш ечу чІегІардиге.