Аьхкенан Iодикаяр

Масех дийнахь, ца соцуш, шийла догIа деара. Бешахь гуьйренан дерачу механ гIовгIа яра хезаш. Делкъал тIаьхьа диъ сахьт даьлча, оха мехкадаьттан лампанаш латийра, аьхке гуттаренна а дIа а яьлла, латта, ген-гена а долуш, дуькъачу дахкарна а, синтем боцчу боданна а, шелонна а юккъе дIадоьду аьлла, хеталора.