Керла лехамаш, некъаш

Соьлжа-ГІаларчу «Локал» отелехь дІаяьхьира  бизнес а, цуьнца доьзна гІуллакхаш а исламан новкъахь дІадахьарх лаьцна йолу Іилманан-практически конференци: «Ислам-динан лехамаша  белхан юкъаметтигашкахь  а, НР-н инвестицийн политикехь а, социально-экономически кхиарехь а лело маь1на».    Иза кечйинера «Нохчийн республика кхиоран корпораци» цІе йолчу акционерийн юкъаралло а, Кадыров Ахьамад-Хьажин цІарахчу «Некъ» телерадиокомпанис а, Шайх Зайедан цІарахчу предринимательшна гІодаран а, инвестицийн а фондо а.