Инзаре хийцаелла хIара меттигаш! Хьалха кхузахь луларчу совхозо юьйш-ерзош аренаш яра, юкъ-кара дитташ а, коьллаш а йолуш, ткъа хIинца юххерачу лаьмнийн ерриге а йистош дIалаьцна дуькъа варшаш ду. ДIадаханчу ткъех шарахь ца йовззал хийцаелла Чуьрийн-Эвларчу цементан заводана лакха агIор, лаьмнийн когашкахь Iохку хIара аренаш. КесталгIа, со санна, кхуза ванза висинчунна евзар а яц уьш. –ДIаса ма хьоьжу хьо? Ца евза хьуна хIара меттигаш? – хотту соьга сан юьртахочо Идрисов Мохьмада, цо накхарш лелочу меттиге тхо схьакхочучу хенахь.–Ойн, Мохьмад, кхузахь дерг хIун ду? ХIара-м ерриге а, хьун а хилла, дIа ма-хIоьттина? – дуьхьал хаттар ло ас.
–Вайна ма-хаъара, тIемаш хилла меттигаш ю хIорш. Латтанаш тесна дитина дуккха а хан яра. Совхоз а дIаяьлла, латта дуьйш-дерзош ца хилча, дитташий, коьллаший дIалоцу. Цхьацца йолчу меттигашкахь, юккъе а ца вахалуш, варшаш ду кхузахь.
–Аш накхарш муха леладо тIаккха?
–Вай дIакхаьчча, гур ду хьана, – велакъежа Мохьмад.
Тхан машен эххар а цхьана жимочу хоте дIакхочу. Машен IиндагIе дIахIоттайо Мохьмада. Дитта кIелахь лаьтташ стол а, гIанташ а, IиндагIехь чохь газ йолу цIен йоккха балон а, стоьла тIе хIоттийна газ ягон жима пилта а, тIе хIума тоьхна, дIахьулйина пхьег1а-х1ума а ю гуш. Тхоьца еана Мохьмадан хIусамнана Хадишт цу сохьта юучунна гIайгIа бан хIоьттира. Юург оьшуш яц ас боххушехь, цIе а латийна, чайник тIе а хIоттийна яахIума ян йолаелира иза.
–Чай а молуш, кхузахь IиндагIехь совцур ду вай цкъачунна. Лаахь, накхаршка хьовса а мегар ду, де дохдалале, – элира Мохьмада.
Хьажа лаьа сайна аьлла, со суьрташ а дохуш, дIасаволало. Чкъургаш тIехь генахь йоцуш лаьтташ ехха платформа ю. Цу тIехь ю Мохьмадан мазлагIа. ТIехула тхов а болуш, цхьана йистехь чохь буьйса яккха а, садаIа а дина жима цIа а долуш ю иза. Накхарш лелочара «вагончик» олу цунах. Цу тIехь тIекIалдоьттина лаьтта никхаш. Царна чуьра арадуьйлуш, дургал дахьаш чуоьхуш, тIома лелаш накхармозий ду. Уьш бертахь, хIораммо а ша дан дезарг нийса а, леррина а деш, шайн болх беш ду. Церан дахар а, къахьегар а тамашийна ду, цаьрга мел хьоьжу а, инзарваллал дукха хIуманаш карадо хьуна. Накхармоза адамна боккха пайда бахьаш бу, цунна лерина цхьа сурат ду Къуръанна тIехь. Везачу АллахIа Ша кхоьллинчу адамна гIуллакхдан белла накхармоза. Цо шен декхар, гал ца болуш, чIогIа нийса кхочушдо. Ткъа уггар а коьртаниг хIун ду аьлча: накхармозо луш долу моз цкъа а телхаш дац. Иза, схьахетарехь, адамна деллачу дуучу хIуманах цхьаъ ду-кх ца телхаш дерг.
Иштта накхармозийн дахарх, цара бечу балхах а къамел хуьлу сан Мохьмадца, Хадишта тхуна яахIума кечъечу хенахь. Ша накхарш лело 2002-чу шарахь волавелира, дуьйцу Мохьмада, шен гергара стаг вара уьш лелош. Цо ша, олуш ма-хиллара, новкъа ваьккхира, дуккха а хIума Iамийра кху атта доцчу гIуллакха тIехь, ткъа цхьадолчунна ша тIаьхьакхуьуш, шен а, нехан а гIалаташ тIехь Iемаш, схьавеара ша, боху накхаршлелочо.
Цхьаволчунна моьтту хир ду, хIун хала ду накхармозий лело? Накхарш дIа а хIиттийна, гулделча, моз схьаэцчхьана ца волу? Дера, ца волу. Иза-м, хьаха, дац атта гIуллакх. Моз доккхуш къахьоьгу накхармозаша, ткъа ахьа а гIайгIа бан беза, царна болх бан хьелаш кечдеш. Уьш Iаьнна чудерзочу хенахь мел лахара а шозза-кхузза молханаш тоха деза царна, дехачу Iаьно царна даа моз дита деза улхаш чохь, уьш шел ца далийта гIайгIа бан беза, царна оьшург дерриге а, мало ца еш, дан деза. Накхармозий лелош волчунна уггаре а доккха зен Iаьнан заманахь хуьлу. Церан масийтта доьзал леш меттиг хуьлу. Ткъа уьш бIеннашкахь дIадовлу. Дагахь а йоцу цамгарш а кхета царна. Накхармозийн эланах я, ма-дарра аьлча, ненах доьзна а ду дуккха а хIума. Иза ондачу а, дикачу а хIуьнах елахь, цуьнан тIаьхье онда хуьлу, цара моз а алссам доккху, Iаьнера мелла а дика довлу уьш. Накхармозийн цхьаьнаэшшара долу зов ду накхаршна тIехь хезаш. Мел машаре, мел тайна мукъам бу иза! Ас тидам бина: дукхахдолчу накхармозийн тIемаш дааделла хуьлу, цхьа юьхьигаш бен ца юьсуш. ХIетте а къар ца луш, дургал кхоьхьу цара аренашкара, зезагашний, диттийн зазанашний тIера. Цхьа накхармоза шовзткъа дийнахь бен ца беха, амма оцу ерриге а хенахь къахьоьгу цо, са ма-хилла араболий, маьркIажан бода боллалц. Ма къинхьегамхой ду уьш! Дургал дахьаш цхьадерш ду, хехой вуьш ду, улхаш чохь болх беш кхозлагIнаш ду. ХIора тобано шен болх бо. –Кхузахь чуян хIума хуьлий накхармозашна? – хотту ас Мохьмаде.
–ТIаьхьарчу хенахь гIуллакх ледаро ду. Далла хастам бу, гIеххьачул моз гулло кхузахь. Гобаьккхина долчу кху Iаламехь тIекховда зезаг, баI боцуш ца дуьсу накхармозий, – жоп ло цо.
Ша кхунах болх а бина, кхидерг охьа а тесна, Iаш вац боху Мохьмада. Кхуьнан юьйш-лелош йоккха керт ю. Кхуой, Хадиштий денна бохург санна къахьоьгу шайн лаьтта тIехь. ДIайийна, кхиош хьаьжкIаш, хасстоьмаш, цIен комар, стоьмийн массийтта дитт а ду кхушиннан. Къахьегаре хьаьжжина, ялта а хуьлу, хьайна бита а, берашна а, гергарчарна а, вевза-везачунна а сагIина бала а кертара хасстом а, дитта тIера стом а, хьаьжкIа а хуьлу, цул сов, моз а ду шаьш массо а хенахь нахана луш, дуьйцу Мохьмада. ХIара шиъ дика къинхьегамхо ду. Иза гуш ду дечунна тIехь кхеран кхиамаш хиларе а, балхах самукъадаларе а хьаьжча.
Мохьмад шен накхармозашца вайн республикин дуккха а меттигашкахь хилла: Теркайистехь, Шуьйтан а, Хьалха-Мартанан а районашкахь, Бумматахь. ТIаьхьарчу шерашкахь Чуьрийн-Эвлана гена йоцчу кху меттигашкахь хIоттайо кхуо шен мазлагIа. Моз даккхар а тайп-тайпана нисделла кхуьнан, цхьана шарахь ехачу аьхкано ши-кхо фляга доккхуш а, ткъа вукху шарахь, цхьана беркатечу меттиге кхаьчча, итт а, ткъа а фляга гуллуш а хилла.
–Накхармозий лаьмнашкахь дика деба, цхьана аьхка масех доьзал тIекхеташ меттиг а хуьлу. Цигахь кхиъна накхармоза онда а, болх дика беш а хуьлу дукха хьолахь. Шуьйтан районехь накъосташца дукхазза а хилла со. Цигахь боккха аьтто хуьлу моз гулдан а, накхармозий дебо а. Иштта беркате меттигаш вайн республикехь дуккха а ю хIара гIуллакх лелош волчунна. Масала, бIаьстенен цхьана муьрехь Бумматахь хилира со накъосташца. Хьехан дитто заза доккхучу хенахь дара иза. Дуккха а моз гулделира тхан цигахь, дуьйцу Мохьмада шен самукъадолучу кху балхах лаьцна.
Юха мазах лаьцна къамел хуьлу тхойшиннан. Цунах мел болу пайда дукхаболчарна хаьа а ца хаьа хьуна, боху сан юьртахочо. Шелвеллачунна иза дика дуйла хаьа вайна, амма цо дарба деш мел дукха цамгарш ю. Моз Iаламат мехала сурсат ду, цунах болу пайда бийцина ца валлал. Ур-аттал накхармозо тоьхна ю а ю-кх дарбане, олий, велакъежа Мохьмад.
Хадишта тхуна хьалха яахIума охьаюьллу, керла даьккхина чай а дутту. ХIума а йиина, мазаца чай молу оха. Iалам, аьхке, хьуьнна юккъехь IиндагIехь Iа тхо, луьш-олуш, чай молуш. Мел синтеме, аьхна меттиг ю хIара. Гена доццуш шайн болх беш ду накхармозий. Уьш хIаваэхь дIасалелаш го. Мел гена дIадахарх шайн цIа юхадерза хаьа царна. Дала доккха похIма делла садолу хIуманаш ю уьш: цкъа а ца телхаш долу сурсат доккху цара. Мел тамашийна ду церан дахар.
Накхармозий лелор беркате гIуллакх ду, боху Мохьмада. Цу тIехь иза бакъ ву. Гуттар а арахь, Iаламехь ву хьо. Керла меттигаш а, цигахь деха адамаш а девза хьуна, дуккха а керланиг хеза вайн махках а, нехан Iер-дахарх а лаьцна. Дагаца, дегIаца могашалла лаьтта хьоьгахь, дуьненах самукъадолу. Къахьегар, кIадвалар, цхьацца халонаш, цатемаш тергоне ца лоцу ахь. Х1унда аьлча хьо хьайн махкахь, хьайн нахана юкъахь маьрша лелаш а, вехаш а ву. Хьайн дай баьхначу лаьттах марзо эца а, къахьега а, Iан а, ваха а паргIат ву хьо. Иштта ойланаш гIуьтту сан коьртехь, хьанал къинхьегамхо Идрисов Мохьмад а, цуьнан хIусамнана Хадишт а йолчохь мазлагIехь айса хан йоккхуш.
Суьрта тIехь: Идрисов Мохьмад волчохь