Тоххарехь маьркIаж-хан а хилла, дIасавоьдург вогIу-воьдучура ваьлла. Гуьйренан цIемзалло сахьт-доза туху адаман лаамашна – мел лиъча а, арахь латта, хьошалгIа ваха догдог1у хан-зама яц тIехIоьттинарг. Мичара богIу а ца хууш схьахецабеллачу махо Iуьйранна дуьйна тIуналлах дистина мархийн гай дат1ош, догIа охьахийцира. Кийра уьйзучу шийлачу хIавао цхьа тамашийна ша буьллура пехашна – дегIехь халла сийсачу йовхонах хьаьрчий, кхарзаеллачу йовхаршца юха арататталора.