Жижиг духкучохь

Мацах цкъа цхьа куро накъост жижиг эца вагlана хилла гlалахь. Х1ара вагlанчу меттехь жижиг иеца веана масийтта божарех стаг а хилла. Царна юкъе нисъелла цхьа жима, товш зуда а.
-Тlаьхьара мила ву? – аьлла, хатта а хаьттина, рогlе дlахlоьттина жижиг эца веана накъост.
Хьалхарчара шай мах бешшехь, тlaьхьара пхи-ялх стаг, и жима зуда а цхьаьна, хан йайархьама луьйш-олуш  лаьтташ хилла. 
Тlaккха вайн  хьешо,  и зуда хьовзо дагахь, аьлла-кх:
-Ва зуда, ахь мукъане а хlун леладо те кху божаршна юккъе а хloьттина, дуй хьуна?..
Тlехьаьжна а маттана ируо йолчух тера хиллачу зудчо, кхунна дуьхьал а йирзина, йела а къежаш, жоп делла:
-Ваттай! И хlун къамел ду? Шуна санна жижиг ца деза сунаъ? 
-Дезахь,  хьан-сан десара наха санна шай стаг ваийта ма веза, дуй хьуна те…
-Стаг ца хилча хlун да деза тlаккха? Шун зударийн санна, массеран а ма бац стагарий…
-Дера беза, дуй хьуна те, хьайн цхьа гlайгla бан. Ца хуьлча тlе далахь, со а ву-кх хьуна кху меттехь лаьтташ, дуй хьуна те. Схьа хьажал цкъа! — аз а айдеш, куро хаьн тlе куьг  а диллина агlор сеттина вай вуьйцуш волу накъост.
-?!
-Бухахь кхоъ йолуш ю, хьо цхьаъ тleкхетарх галдала хlума а дац, дуй хьуна-деца хьуна…
-Эс-сай… — аьлла ца йешаш зудчо, коьртера когашка кхаччалц леррина къонахчух бlаьрг  а тухуш. — Хьо бен варий иза?!. Цу Делан вазалора, хьан йоьалгlа зуда а хилла, цигахь рогlе хlyьттучул а, кхузахь жижиг оьцучеран  рогlехь латта реза ма ю со, йелла дlайаллалц!.. Хьуна хlун моьтту мотта?!.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля