Вайн турпалхойх дозалла а деш…

Даймехкан Турпалхойн денна лерина маь1не вовшакхетар хилира Т1еман сийлаллин гу т1ехь. Г1алин культуран центро вовшахтоьхна йара иза. Цигахь дакъалецира инновацин технологийн колледжан студенташа а, г1алин бахархоша а, т1ейог1учу т1аьхьенна маьрша стигал ларъеш д1акхелхинчу махкахойн дагалецамашкахь сий деш.

Иэсан вовшахкхетар д1айолаелира хьалха хиллачу наха дина хьуьнарш мехала хилар а, вайн йукъараллехь патриотизм мехала хилар а ч1аг1деш. Гулбеллачеран аьтто белира пох1ма долчу «Мелодия», «Планета детства», «Бахар» ансамблийн спектаклашкахь самукъадаккха. «Т1ом боцу дуьне» илли д1а а элира цигахь.

Турпалхойн х1олламна т1е зезагаш а х1оттийна, вайн махкахойн т1еман а, майрачу а кхиамех дозалла а деш, вовшахкхетар д1адаьхьира.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля