Вайн къоман истори хуучунна девзаш ду, доттагIчунна лерам а сий а, лаккхара мах болуш дуйла. Цундела ду халкъан барта кхоллараллехь доттагIчух лаьцна дуккха а дийцарш а, аларш а.
Генарчу вешел а йуххера доттагI тоьла, олуш ду вайн. Бух болуш а, к1орггера маь1на долуш ду и. Х1унда аьлча, де иэшначохь сиха кхочу уллерниг. Ткъа дика доттаг1, шен са а ца кхоош, йукъ йихккина д1ах1утта ишттачохь. Ша деш долу г1о-накъосталла дерриге а Дела дуьхьа до цо. Ишттачуьнца долу доттаг1алла а де-дийне мел долу чIагIло.
Ойла йича, Далла гергахь, ма деза гергарло ду иза. 1еламнаха шайн хьехамашкахь дуьйцуш хезна-кх вайна, махьшара майданахь дерриге а адамаш гулдича, Делан 1индаг1ехь хир бу, аьлла цхьа нах. Ткъа уьш муьлш бу? Дера бу Дела дуьхьа вовший дукха безнарш. Вовшашка иштта безам болуш хуьлийла вай дерриге а!
Цхьабакъду, нийсса б1остане дерг а хеза цкъа нагахь. ТIаьхьарчу заманахь дукха-х болу нах дуьненна т1аьхьа бевлла хилар бахьана долуш, жим-жимма д1адовлуш лаьтта вайн йукъара цхьацца долу беркате ламасташ а, 1адаташ а, г1иллакхаш а. Иза, дукха хьолахь, технически баккхий хийцамаш хиларан бахьанца ду.
Баккхийчаьра тидам т1е бахийта безаш гIуллакх ду т1екхуьу чкъорана халкъан г1иллакхаш довзийтар. Кху кепара х1ара гIуллакх хецна дита мегар дац. Къаьсттина, вовшашна дика доттаг1ий а, накъостий а хила 1амо беза. ХIунда аьлча, дуккха а халонаш т1е1иттало дуьненахь. Дукха хьолахь, йуххехь дика доттаг1 хилар бахьна долуш, ца вуххуш чекхвала тарло муьлххачу а халонах.
Йаздича-м дуккха ду доттаг1чух лаьцна йаздан. Делахь, ойла йечунна тоьара йу х1ара масийтта предложени а. Бусулба динахь а, халкъан г1иллакхашкахь а лаккхара мах болуш ду доттаг1чун хьакъ лардар. Цуьнца тешаме хила веза. Оьшучохь накъосталла а дан деза.
Дала ма-иэшойл дика а, тешаме а доттаг1ий!
БАЙМУРАДОВ Мовсар