Дукха ду, нохчийн мотт, хьан беркатах лаьцна дийца…

Ахь мичахь 1амийна нохчийн мотт? Дукха къена бу хьан мотт… И хаттар сайга делча цунна дала жоп ца карош ойлане йолура со, х1оккхахь я эццахь аьлла д1адийца х1ума а доцуш… Дикка ойла йича, ткъес санна цхьа ойла къегира… «1ама муха бо шен мотт?! Иза хууш хила ма беза! Иза хьан сица хила ма беза…Т1аккха и са санна къена а хуьлу-кх и… Шен хенал дуккха а т1аьхьа дуьненчу даьлла тишделла са санна къена…»…Нохчийн мотт! Сан ненан а, ден а, сан ворх1е ден а мотт! Дуккха а дийцина хьох лаьцна, дуккха а хьо хестош иллеш а декийна. Хьан лазам буьйцуш мохь-орца а даьккхина, хьох къахеташ узам а хазийна. Хьан хазаллин, к1оргаллин доза цахилар а дийцина. Еккъа со цхьаъ йисиний те хьох илли даккхаза, хьох йоккхаер дуьненна а д1акхайкхоза аьлла хетало. Хьуна хастаман илли даккхаза… Иллех илли даккхал говзалла яц-кха соьгахь!

Ас х1ун ала хьох, ас х1ун ала хьоь, Нохчийн мотт! Масла1ате къамел дай вайшимма? Масла1ате къамел… Хийла сайн цатам со-сайца литта х1оьттича, ахь соьга деш ма-хиллара, масла1ате къамел… Сахаьдда юьйжи-кх аьлла хетачохь, ахь говзачу лоьро санна дарба деш, со г1аттор а к1еззиг ма ца хилла. Ненан къинхетам санна аьхна ма хилла хьо суна даим а, ден дозалла санна синъайаме а… Хьан куьг а лаьцна ма йоьссина со аганара, хьан озаца ма девзина суна дуьне а. Ма дукха хилла-кх хьох дагайийлар, ма дукха хилла-кх хьох цецйийлар а! Ахь бен кхин цхьамма а лур боцу тешам а, ахь бен кхин цхьамма а хьоьхур доцу гечдар а хьоьгара ма 1емина…Дин а, 1адат а, г1иллакх а хьоьгахула девзина. Эхь-бехк боху дош а хьоьгахь зеделла… Вай кхоьллинчу Даллий, суний бен хаза йиш йоцуш, айса сайца деш долу къамел а хьан озаца дина. Хьан аз ду сайн бехкана къера хила со 1амийнарг, оьг1азло яшийнарг, б1аьрхиш дакъийнарг… цу б1аьрхиш юккъехула со елийнарг а…
Хьан озаца дара кхетамо схьалоцуш дуьххьара Делан ц1е йоккхуш хазар. Тахана санна лерехь лаьтта тхо шена гонах гулделча Дадас беш хилла мукъам: «Дела, Хьо ма веза ву, Хьан Элча ма къобалво, Хьан Элчанца дийцинарг, хабар-къамел мерза ду…» Цул т1аьхьа устазийн хьехамаш, назманаш хьан 1аьнарца дара… Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) керстанаша хьийзавар а, Адам а, Хьава а ялсаманийчуьра арадаккхар а, Ибрах1има шен к1антана Исма1илна урс хьакха кийча хилар а, Аюб-пайхамара лайна цамгаран бала а, жима Юсуп вежарша г1у чу кхоссар а, к1ант вайна б1арзвеллачу Якъуба барзе бехкбаккхар а… масане дара уьш цу исбаьхьчу назманашкахь девзинарг…
Т1аккха киншкашца гергарло тасаделча ма дукха доттаг1ий гулбира ахь! Даиманна а дагахь латта бисина уьш, церан масалш, хьекъале къамелаш… Уьш бара халкъан иллийн, дийцарийн, туьйранийн, исбаьххьаллин киншкийн турпалхой. Т1аккха жимма дахар довза доьлча даста долийра кицанийн, забарийн маь1наш…Цул т1аьхьа байташца гергарло… Масане хези и сих кхеташ, ц1ий кхехкош, ойлане вохуш, юха б1аьрхи доккхуш, дог мокхазал а ч1аг1ден дешнаш…Уьш хьан дешнаш ма дара, нохчийн мотт…Хьан дешнаш, хьан хат1, хьан са…
Цундела, нохчийн мотт, хьо соьгара хастамаш оьшуш ма ца хета суна-м, мелхо а, со ю-кх хьоьгара г1о оьшуш, хьох тийсалуш, хьох хадахь г1орасиз юьсур йолуш… Ахь хьоьстуш схьаялош ма ю со… Ахь адам хила 1амош ма ю… Адамашца таръяла, цаьрца яза 1амош суна ахь хьоьхурш Кунта-Хьаьжин хьехамаера дешнаш ма ду: «Оьг1азечунна т1ехь толам баккха дикаллица а, безамца а. Б1аьрмецигчунна (пис волчунна) т1ехь толам баккха комаьршаллица. Ямартчунна т1ехь толам баккха ц1енчу даггара хиларца. Тешаме воцчунна т1ехь толам баккха тешамца. Къинхетаме, тийна-таь1на, кхечуьнан дуьхьа вала а кийча хила…».
Бохамо хьовзийна г1айг1ане йоьжча, ахь сан лерах тухурш Мохьмадан дешнаш ма ду, хьан тешамечу мурдийн къеггина волчу векала Мамакаев Мохьмада шен даге дечу къамелан дешнаш: «…Ойлано хьо г1елдеш ма ирча хета, дог. Вайн гонна и гича осала хета, дог. Шен г1айг1а ша 1овшар стогалла хета, дог. Къурдашца къежвалар дозалла хета, дог…». Вайн халкъан ерриг а амал схьагайта ницкъ ма кхаьчна оцу дешнашца…
Нохчийн мотт, дукха ду-кх хьан беркатах дийца, хьан сийлаллех кхайкхон… Хьох дан дозалла доцуш а ма яц со, б1аьрг хиларна кхоьру-кх…хьо дош ца хетачийн хьаг1 яхарна а кхоьру!
Хьан лазамаш ца гуш, хьан чевнаш ца лозуш а ма яц со… Уьш хьуна яз ца ян ца юьйцу-кх…хьан даь1наш ца к1аргдан… дарбанна хьоьга хьан дикаллех а дуьйцуш…
Хьо ца безаш, ца хууш волчух йоккхаеш а ма яц со, ас царна не1алташ ца бахарх…Хьо церан не1алтах ларбан, хьан сийлахьчу амална и не1алт марздаларна кхоьруш, хьо цунах ларбан г1ерта-кх…
Цундела хьуна масла1ат лоьху-кх, цкъа мацах, дукха я к1еззиг шераш хьалха, сан некъаш кегалуш, «хиллачийн, хиндолчийн дозанехь цхьаъ цхьалха йисича» сан ненан озаца ахь суна дина масла1ат санна. Дагадог1ий хьуна х1етахь ахь аьлларг? Уггар хьалха хьайна хьуо мила ю хаа, ткъа кхинд1а дерриг а чот яц… И ду-кх сан хьоьга ала а! Ткъа хьуна пебетташ волчо бийриг шена эшам бу, цунна байттамал ала-м хьан орца оьшур ду цунна…
Нохчийн мотт! Декъала ву-кх хьоьца уьйр теснарг! Декъала ву-кх ахь уьйр лаьцнарг…
Петирова Пет1амат

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля