Лаьмнийн баххьашкахь, аьрзуш лелачохь

Iаламан исбаьхьалле хьаьжча, шел тоьлларг кхин хир юй те аьлла, хаза ю Шаройн район. Лекха лаьмнаш, сиха хиш, ламанийн басешкахь юькъа хьаннаш, лакхенашкахь — дохнан дежийлаш, шира бIаьвнаш, гIиллакхе, оьзда адамаш – иза ду кхуза веанчунна гуш дерг.
Дуьххьара Шаройн лаьмнашка кхаьчнарг шена гуш долчу Iаламан суьртах цецваьлла вуьсур ву. «Дуьненан Iаламан исбаьхьалла Дала кхузахь гулйина ю-кх, – аьлла дагадан там бу цунна. Аьхкенан заманахь къаьсттина хаза ду кхузахь. БIаьрго схьа ма-лоццу йолчу лаьмнийн басешкахь къорза куз а хилла кхуьу тайп-тайпана бецаш. КIоргачу Iаннашкахула лахенга чуьхьаьвдда доьлху лаьмнийн сиха хиш. Мухха делахь а, кхузарчу лаьмнашка, бIаьргана тамехьчу меттигашка кхоллаелла марзо цуьнан даг чохь юьсур ю.
Дукха хан йоццуш Шаройн районе белхан гIуллакхна дахар нисделлера сан а, сан накъостийн журналистийн а. Районан администрацехь ХIимахь сан цхьаьнакхетар хилира Шаройн районан администрацин куьйгалхочун заместительца Муцагова Лайлааца. Администрацин балхахь цо жоп луш дерг социальни дакъа ду. Кху даржехь Лайлаа болх бен 2 шо хан ю, ткъа цул хьалха районан дешаран декъехь, администрацехь а белхаш бина къоначу зудчо. Тхан хиллачу къамелехь Лайлаа дийцира:
– Лаьмнийн районерчу бахархойн дахар, хууш ма-хиллара, атта дац. Дечигна, докъарна хьалххе гIайгIа бина ца хилча, Iаьнах вала хала ду кхузахь. ХIинца-м тхан районерчу ярташкахь ток а ю, хьалха санна, кхераме доцуш, дика некъаш а ду лаьмнашкахь, телефонан зIе а ю. Дахаран хьелаш де дийне мел долу толуш ду.
Ламанхой латкъамаш бан Iемина бац, белхаш-некъаш дац аьлла, Iийр болуш бац уьш. Дан луучунна гIуллакх а карадо, шен доьзал кхаба-таро аьтто а хуьлу. Ткъа Iедало шен агIор оьшучунна гIо до, пенси а, пособи а я кхачанан сурсаташ а лой.
Шаройн районехь 11 юрт а, дуккха а кIотарш а ю. Яккхийчу яртех ю: ХIима, Шара, Кенхи, Хьакмада, Кири.
Кенхи-юьртахь Iаш жIайхой бу. Iер-дахар Нохчийн Республикехь нисделла церан. Шайна бевлла, дIакъаьстина ца Iаш, вайна юккъехь диканехь-вуонехь а болуш, вайца гергарло а лелош, вежарий санна, беха уьш. Дукхахболчарна дика нохчийн мотт а хаьа царна. Шайн юьртахь йолчу кхаа школехь берашна нохчийн мотт хьехийтахьара аьлла, вайн республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар а дина кенхоша.
Иштта, къаьмнаш, тайпанаш ца къестош, вежараллин уьйрашца бертахь беха Шаройн районера бахархой.
Шайн ницкъ кхочучу кепара вовшашна гIо а деш, массо а араволий, дика а, вуон а дIа а дерзош, дайн гIиллакхашца тIаьхьенаш а кхиош, хьаша-да тIе а оьцуш, гIоза-декъала беха уьш. Иштта церан дай а баьхна, шайн дайшкара схьадогIу Iадаташ а, сий а, яхь а ларъеш.
Администрацехь шаьш бечу балхах лаьцна дуьйцу Лайлаа. Кхеран социальни блок я отдел яц районехь, берриге а цу декъера болх беш ю Муцагова Лайлаъ. Кхо тергоне оьцу районерчу могашаллаIалашъяран а, дешаран а, культурин а, пенсионни отделенин а, социальни учрежденийн а болх.
МогашаллаIалашъяран учрежденеш районехь тоьаш яц, амма йоцчохь хIора юьртахь ФАП-ш йийр йолуш ю.
ТIаккха стаг цомгаш хилча, кхечу районе я гIала вига дезар дац.
Районехь 4 школа а, масех филиал а ю. Кегийчу ярташкахь, дешархой кIезиг хиларна, школехь масех класс бен ца хуьлу. Делахь а берашна дешаран хьелаш массанхьа а долуш ду: тойина, кечйина чоьнаш, йийбар, дешаран-гайтаран гIирсаш, Iаматаш, ур-аттал оргтехника а тIехь.
Хьехархой ца тоарна школашкахь хало хьал ду боху Лайлаа. Амма цу агIор беш болх бу, хьехархой лохуш бу. Лома болх бан веанчу хьехархочунна, ницкъ кхочучу кепара, белхан а дахаран-Iеран а хьелаш районехь кхуллуш ду. Уггаре а чIогIа оьшуш берш математикин, физикин, химин хьехархой бу кхузахь.
Кенхи-юьртахь берийн спортивни школа а ю, 130 бер ду цигахь спортан секцешка лелаш. Кхузара спортсменаш вайн республикерчу спортан къийсадаларшкахь дакъалаьцна ца Iаш, кхечу регионашка а боьлху. Церан дика кхиамаш а бу, кест-кеста хьалхара меттигаш а йоху Кенхерчу къоначу спортсменаша. Царах дукхахберш паргIатчу кепара охьатохарх латар Iамош бу. Цаьрца болх беш ши тренер ву, бераш Iамош а, уьш къийсадаларшка буьгуш а.
ХIора шарахь районерчу школашкахь еш ремонт ю, тIейохьуш оьшуш йолу йийбар а, дешаран гIирсаш а бу. Дешаран керлачу шарна а районан ерриге а школашкахь дика кечам бина.
Школашкахь цхьацца халонаш йоцуш ца хуьлу. Масала, Шаройн районехь ерриге а школашкахь спортзалаш а, столовеш а яц.
Амма школийн куьйгалхоша берашна йовха яахIума яла хьелаш кхуллу, школин цхьацца чоьнаш чохь яахIума яр а, дешархошна иза дIаялар а нисдой.

Районера школаш 50 процентана оргтехникица кхачо йина ю. Яккхийчу школашкахь компьютерни классаш ю, ткъа филиалашкахь цкъачунна уьш яц.
Цул сов, еа йоккхачу школехь, бераш алсам долчохь, медкабинеташ а ю. Оцу школашкара бераш, республикин къоман проектаца иза догIуш ма-хиллара, школашна еллачу автомашенашца занятешка дIасалелош ду.
Шаройн районехь пенси оьцуш 800 вахархо ву. Пенси шен хеннахь цIа дохьу царна. Кхузахь йолу коьрта структураш масех район чулоцуш ю. Иштта ю пенсионни отделени а, банк а, прокуратура а, кхиерш а.
Районашна юкъара КЦСОН олу марказ а ю Шаройн районехь болх беш, хIора юьртахь къахьоьгуш социальни белхахой а болуш.
Социальни болх бахархошца дIабахьарехь доккха дакъа лоцуш ю и хьукмат. Цуьнан гIо къаьсттина дика хаало баккхийчу нахана, заьIапхошна, цхьа бисинчарна.
Да-нана доцуш 2 буо ду районерчу социальни структурийн хьесапехь, ткъа иштта 25 бер а ду тIехь да воцуш.
Церан терго леррина еш ю, оьшуш дерг царна латтош ду, сурсаташца а, тIеюхучу хIуманца гIо а ду деш.
Нехан аьрзнаш дац, шайна Iедало луш дерг дIа ца кхочу аьлла. Социальни белхахоша шайн декхарш дика а, цIена а кхочушдо.
ТIаьхьарчу шерашкахь районан социальни структураша лерринчу тергонехь латтош бу Сийлахь-боккхачу Даймехкан ветеранан Магомадов Хьабибулин доьзал. Ша ветеран кхелхина 2 шо хан ю, амма хIинца а цуьнан доьзална Iедалан агIор деш гIо ду.
Лайлаа шен къамелехь билгалдоккху республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствос хIора шарахь районера дешархой садаIа бохуьйтуш гIо деш хилар. Иштта, хьалхарчу шерашкахь кху районера бераш Нальчикехь а, Хонкарахь а садоIуш хилира. Ткъа кху шарахь дуьххьара районера 22 бер ГIирме садаIа дахара. Церан чIогIа самукъадаьллера цигахь, дика садаIар а, могашалла тояр а хилира берийн.
Районан куьйгаллина а, школийн хьехархошна а, дайшна-наношна а доккха хазахетар хуьлу кхузарчу берийн терго йича, кхечу меттигашка уьш садаIа бига республикин Iедало аьтто бича.
Администрацехь социальни отдел цахиларна болх дIабахьарехь халонаш а хуьлу шайн, боху Лайлаа. Амма и болх дIатесна ца буьту кхара. МогашаллаIалашъяран а, дешаран а, культурин а декъашкара белхахой вовшах а тухий, комиссеш а кхуллий, болх бо шаьш, бохуш дуьйцу Лайлаа. Ярташка а, кIотаршка а кхочуш, оьшучохь нахана гIо ца деш ца Iа шаьш, чIагIдо цо.
Вай тешна ду, Муцагова Лайлаа а, цуьнан белхан накъосташа а шайн районехь Iаш болчу бахархойн хьашташ дика кхочушдийриг хиларх. Цара шайгара гIо оьшург тесна вуьтур вац. Нохчийн амалехь ма дац шайгара гIо-накъосталла кхоор, гIорасиз висинчун дола цадар. Ткъа лаьмнашкахь бехачеран иза къаьсттина чIогIа лелош ма ду.
Делкъал тIаьхье яра тхо Шаройн районера схьадуьйладелча. Юха а лекхачу лаьмнашна юккъехула, кIоргачу Iаннашна тIехула, Шаройн-Органан бердашкахула охьабогIура тхан некъ.
Гуонаха лаьттара исбаьхьа лаьмнаш, кIорда ца дора цаьрга хьежа.

АРСАНУКАЕВ Муса

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля