Уггаре а хьалха ала дог1у, и дезде вайн махкахь ч1ог1а дезаш т1уоьцуш хилар. Иштта нисделла ма-хиллара, оцу дийнахь д1аюьйлало бераша сатесна йолу аьхкенан каникулаш. Цундела, церан самукъадалар шозза алсам делахь а, билгалдаккха деза, баккхийчарна лерина ду иза, х1унда аьлча, цуьнан коьрта 1алашо – берийн проблемех а, халонех а дерг адамашна довзийтар, церан бакъонаш ларъяр и. д1. кх.
Карарчу хенахь 60 сов махкашкахь д1аг1о Дуьненаюкъара бераш лардарна лерина йолу даздаран мероприятиш. Оцу дезчу дийнан ю шен байракх а. И дезде кхолладелла шо лоруш ду 1949-г1аниг. Оцу шарахь ноябрь баттахь Парижехь д1аяхара зударийн Дуьненаюкъарчу демократически Федерацин леррина йолу сесси. Цигахь хилла и дезде ч1аг1дарехула болу сацам. Цуьнан а шен бахьана дара: Шолг1а дуьненан т1ом чекхбаьлча, дуккха а бераш дара дай-наной боцуш, т1ехь тхов боцуш, урамашкахь даха дисина. Мацалла а, цамгарш а бахьанехь кхалхарш а нислора царна юкъахь. И тайпа хьал тидам боцуш ца дисира балакхочучу адамийн.
Оцу дезчудийнахь дуьненан дукхах йолчу г1аланашкахь д1аг1о тайп-тайпана мероприятиш. Цигахь коьрта дакъалоцурш бераш ду. Оцу мероприятишкахь берашна йоькъу х1аваан шараш, до тайп-тайпана совг1аташ. Кхечу дешнашца аьлча, дерриге а дан г1ерта берийн самукъадаккхархьама.
Деккъа берийн цхьа самукъадаккхар 1алашо хилла ца 1а баккхийчеран. Церан боккха лаам хуьлу оцу дийнахь баланехь дисинчу берашна г1о дар, вонехь дакъалацар. И 1алашо йолуш берийн лардаран Дийнахь д1ахьо тайп-тайпана г1оьналлин акциш, концерташ. Цигахь гулдина ахча д1ахьажадо берийн бошмашка, больницашка, кхечу учрежденишка.
Доцца аьлча, массо а хууш хила веза, бераш – вайн кхане хилар. Цундела, х1ора а шен ницкъ ма-кхоччу, къахьоьгуш хила веза вайн т1екхуьуш йолу т1аьхье могуш-таза хилийтарехьа.