Ветеранна Турпалхочун медал йелла

 

Кху беттан 2-чохь Х1енж-г1алахь Садыков Ибрагим-Пашина уггар а лакхар мах болу медал йелла. Президента Путин Владимира шен Указаца билгалйина, Сийлахь Боккхачу т1еман декъашхочунна б1е шо кхачарца а, иштта, оцу шерашкахь цо доьналла а, турпалла а гайтар бахьна долуш а, Россин Турпалхо аьлла лаккхара ц1е. Оцунах лаьцна довзийтира Дагестан Республикин куьйгалхо волучу Меликов Сергейс шен телеграмм г1ирсашкахула.

Ветеран декъалваран кехата т1ехь иштта йаздина, «Сийлахь Боккхачу т1амехь доьналлица а, хьуьнарца а чекхваларна а, иштта, т1екхуьу чкъор Даймахке безам ч1аг1беш кхиорехь къахьегарна а»! – аьлла.
И-П. Садыков вина Рутульски к1оштарчу Рутул йуьртахь. 1941-чу шарахь шен лаамца Ц1ечу Армин мог1анашка йукъавахара иза. Автоматчикин танкови дисантана йукъахь а волуш, цо дакъалецира «Курски дугехь» а, «Сталинградски битвехь» а, Керчь а, Киев а г1аланаш мостаг1ашкара схьайоккхуш а, иштта, Варшава г1аличура фашисташ арабохуш а. Оцу хенахь а, иштта цул т1аьхьа дог1учу шерашкахь а, цуьнан доьналла а, турпалла а билгалдоккхуш, Садыковн йелла тайп-тайпана орденш а, медалш а, шайна йукъахь:
Орден Славы II степени;
Орден Славы III степени;
Орден Отечественной войны I степени;
Медаль «За оборону Сталинграда»;
Медаль «За отвагу»;
Медаль «За освобождение Варшавы»;
Медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.»;
Медаль Жукова;
Почётный серебряный орден «Общественное признание»;
Орден «За заслуги перед Республикой Дагестан».
«Таханлера т1емлошна шен хьехаршца а, хааршца а г1о дечарах цхьаъ ву И-П. Садыков. Цул совнаха, оьшучохь йукъ йихккина аравала кийча а ву х1ара тахана а. Кхуьнца хабар цхьанадог1у х1оранна а, х1унда аьлча, х1окхунна нахана хьекъал дала а хаьа, дуьйцучуьнга ладог1а а хаьа. Сан самукъа долу цуьнца хабар дуьйцуш. Суна дозалла хета сайна иза вевзаш хилар», — элира Меликов Сергейс Турпалхо декъалвеш.
Цул т1аьхьа, Республикин куьйгалхочо шен а, иштта, республикера массо а вахархочун а ц1арах баркалла элира Президентана Путин Владимирна, цо Садыков Ибрагим-Пашина Россин Турпалхо аьлла лаккхара медал йаларна.
Аг1о кечйинарг — БАЙМУРАДОВ Мовсар