Пачхьалкхан коьрта даздар

 

Цхьа а шеко йоцуш, «Толаман Де» вайн махкахь коьрта даздар ду. Х1унда аьлча, ткъалг1ачу б1ешерийн йуккъехь, дерриге а дуьне гора х1отто арайаьлла йолу фашизм йохош, отуш, Гитлеран эскаран дуьхьало йеш, уггар а жигара дакъа лаьцна советийн салташа. Оцу Сийлахьчу т1амехь, нийсонна т1ехь къахьоьгуш иэгна эзар-эзаршкахь т1емлой а. Цундела, Россехь а, иштта, Советски Союзан йукъайог1уш хиллачу пачхьалкхашкахь а даздеш ду иза.

ХIутосург беттан йуьхь фашизман т1ехь толам баккхаран лерина д1а хьо Россехь. Газетийн аг1онашкахь, радиохула, телевизор чохь, иштта, интернет г1ирсашкахь а дийцаре до и де. Х1унда аьлча, массеран а доьзале беана и толам. Муха? 1941-1945-г1а шерашкахь Советски Союзехь бехаш болу берриге а бохург санна божарий хилла Ц1е Армин йукъахь, мостаг1ийн кортош отуш. 79 шо хан йаьллехь а, вайн дедайша гайтина хьуьнар диц а ца деш, иза карладоккхуш, т1екхуьучу чкъорана ма-дарра иза довзуьйтуш белхаш бо вай.
Хьалхуо-м, урамаш а къагой, ветеранаш хуьлура дуккха арабовлий, шайн медалаш йолу форманаш а йухий. Амма, халахеташ делахь а, тахана дукха ца бисина уьш. Царах уггар жиманиг а хила веза б1е шаре кхоччуш хан йолуш. Ткъа иштта дукха, наггахь долу адам бен ца деха. Цундела, т1аьхьарчу шерашкахь церан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а хуьлу ветеранийн суьрташ а оьций арабовлуш. Иза дерриге х1унда леладо? Цкъа делахь иза массарна а шайн декхар хета, вайна маршо йоккхуш иэгначийн иэсана лерина мероприятиш д1айахьар. Йуха делахь, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь а, царна истори йовзийтарехь а коьрта дакъа иштта мероприятешна кхочу.
Хууш ма хиллара, вайца мостаг1алла лелочу пачхьалкхашкахь дуьйцург ма ду, Советски Союзо толам боккхуш дакъалацар ледар ду бохуш. Цул совнаха, вайн къоман мостаг1ий а бу, нохчаша Сийлахь боккхачу т1амехь дакъалацар ледара хилла бохуш. Цаьрга ладоьг1ча, 1944-чу шарахь чиллин беттан 23-чохь вай махках дахар а оцу бахьанца ду олу цара. Амма, терахьаша гойту ма-дарра сурт. Йеккъа цхьана Дагестан республикера кхоъ эзар сов нохчий хилла 1941-1945-чу шерашкахь т1амехь. Иштта йолу историш хуъ-хуучо йуьйцуш, йовзуьйтуш, кегирхошна хьехарш деш, белхаш бахь, т1екхуьу чкъор нийсачу новкъахь хир ду.
Хьоме махкахой! Мегар дац вайн дайша-дедайша Сийлахь боккхачу т1амехь толам боккхуш лаьцна дакъа а, хьегна хало а йиц йан. Аьтто ма-ббу иза дуьйцуш, довзуьйтуш, хьоьхуш некъ д1абахьа беза. Х1орамма а шайн чохь доьзалашка дуьйцуш, ишколашкахь дешархошна хьоьхуш, пхьоьханашкахь а, майданашкахь дийцаре деш хила деза и, къаьсттина «Толаман Де» герга кхочуш.