Бахархойн хьашташ кхочушдарах лаьцна

Кху беттан 22-чохь вайн Республикин куьйгалхочо х1ора к1иранчохь хуьлуш йолу кхеташо д1айаьхьира. Иза лерина йара Дагестанехь д1ах1оьттина долу хьолана, социальни дахарна а.
Дукха хьолахь дийцаре дира: бахархойн 1едале болу кхайкхамаш; хенан х1оттаман чолхе хийцамаш бахьанехь муниципалитеташна хилла харж; регионийн йукъара «Национальная система пространственных данных. Полный и точный реестр» ц1е йолу форумна кечам бар.

 

Хьалхарчу хаттарна
лерина

Ма-дарра дийцира Дагестанан Главан а, Правительствон а куьйгалхо волчу Гасанов Алексейс. Цо довзийтира д1адаханчу к1ирнахь бахархоша социальни сеташкахула дина ши эзар д1ахьедар теллина хилар. «Меттигерчу ЦУРо довзийтарца, дукха хьолахь, бахархойн хаттарш ЖКХан декъехула дара: х1оранна чу хила ма-йезза ток йар; довха а, шийла а хи хилар; некъаш тадарах лаьцна; йукъараллин майданаш кечйар; йукъараллин дешаран туьшашкахь ремонтни белхаш дар. Царах дукхах дерш, х1инццалца санна, Махачкалара дара. Амма, регионан коьртачу г1алана дукха т1аьхьа ца йуьссуш йог1уш йу Каспийск, Дербент, Буйнакск. Бахархойн дерриге а д1ахьедарш 1едалан белхалошка д1акховдийна».
Меликов Сергейс шен т1едахкаршца кхайкхам бира 1едалан белхалошшка, бахархойн хьашташ кхочушдар. Цул совнаха, ахча а ца луш шаьшша газана т1ехиттабелла бахархой билгалбаха аьлла, амар а дира цо. Газпроман белхалой боцурш а, оцу балхана т1ех1иттийра Минэнергон а, Госжилинспекцин а, бакъонаш ларйаран а белхахой. Церан декхарш йукъахь ду бахархойн ц1еношкахь кхерамазаллин техникица йог1уш йоцу оборудовни йуй хьажар. С. Меликовс т1еч1аг1дирам, и белхаш шолаг1ачу дийнахь дуьна доладала дезаш хилар. И г1уллакх керара к1ира чекхдалале кхочушдан дезаш хилар хаийтира Республикин куьйгалхочо, ша иза толлур долуш хилар гуча а доккхуш. Цо билгалдаккхарехь, оцу г1уллакхна терго йаран бахьана – иза жимма хьалхо Махачкалахь газ а иккхина берриге доьзал д1акхалхар дара. Комиссес цигахь билгалдинера, и газ ц1ийнан т1ейалийна биргIа а, чохь газ йагош йолу пеш а несертифицированни хилар. Ткъа газораспределительни компанин меттигерчу белхалочо оцу г1уллакхах жоп дала дезар а билгалдаьккхира. «Цуьнан образовании а, цунна шен болх муха хаьа а хьажа. Пхиъ стаг д1акхелхина! Шо хьалха изза хьал Дербентехь а дара. Селхана Каспийскехь а исс стаг вуон хилла газ д1аоьхуш хилар бахьанца. Х1оранна ц1а а г1уш, церан газаца долу хьал кхерамазаллин техникица дог1уш дуй а, дац а хьожуш, белхаш массанхьа а д1адахьа дезаш дара. Амма, кхолладеллачу хьоло гойту, иза иштта хилла цахилар. Аса йуха а амар до шуьга, и г1уллакх тидаме лацар» — аьлла т1еч1аг1дира Меликов Сергей.

ШолгIачу хаттарах лаьцна

Хьалхо, рог1ера кхеташо йолуш, регионан куьйгалхочо муниципалитеташка амар динера, т1едог1учу шарна (ткъа х1инца-м карара шо хуьлу иза) меттигера бюджетана кечамаш беш, резервни фондаш кхолла аьлла. Цуьнан 1алашо – погодни хийцамашна чолхе т1аьхьенаш луьстуш, ахча оьшуш хилар йара.
Оцу г1уллакхах лаьцна довзийтира хьалхара вице-премьер волчу Алиев Русланс.
Цо шен докладехь билгалдаьккхира и декхар массара а кхочушдина цахилар. Махачкалах, Каспийск, Кизляр г1аланаш а, иштта , Левашински, Хасавюртовски, Бабаюртовски, Лакски, Цунтински, Акушински, Буйнакски, Гумбетовски, Кайтагски а к1ошташ а бен йацара Меликовн амар кхочушдина. Сергей Алимовича, жоьпалле лецира йисина муниципалитетийн куьйгалхой. Къаьсттина, оцу г1уллакхна тидам бан безарш, лаьмнашкара берш бера. Х1унда аьлча, 1аламан катаклизмаш дукха хуьлу цигахь. Оцу г1уллакхна лерина ахча бюджетана йукъа дахийта белхаш ч1аг1дар а, х1оьттина долу чолхе хьал лакхарчу т1ег1ане даккхаре а кхойкхуш, д1ахьедар дира С. Меликовс. Цьуьнца цхьана, цо билгалдира: оцу ахчанах пайда а оьцуш, бахархошна хилла зиэ меттах1оттолур ду.

Форумна кечам бар

Цуьнах дерг довзийтира Правительствон Председателан заместитель а, латтанийн а, имуществон г1уллакхийн министр а волчу Эминов Заура. «Форум хила йезаш йу кху беттан 25-26 деношкахь. Кхузахь дакъалаца кхайкхина 21 регионера 900 стаг, шайна йукъахь лаккхара даржашкара нах а болуш. Хьалхарчу дийнахь пленарни гуламаш а, дискуссионни майданаш а хир йу. Ткъа шолг1ачу дийнахь, хьеший вайн Оьздаллин туьшашкахула кхарстор бу. Дагадоиуьйту, Къилбседа Кавказехь Дагестан хьалхара субъект йу оцу программехь дакъалоцуш. Цуьнан гурашкахь, инвестиционни а, предпринимательски а хьолаш керлачу т1ег1ане девр ду вайн республикин. Дукха хьолахь, г1алийн а, к1оштийн а куьйгалхошна пайдане йу иза. Йиш йац и форум чот ца йеш йита» — т1еч1аг1дира З. Эминовс.

БАЙМУРАДОВ Мовсар