ДАССР-н 103 шо

Т1едог1чу шот дийнахь вайн махкахь билгалдоккхуш ду ДАССР кхлоьллина 103 шо. 1921 шеран кхолламан беттан ткъалаг1ачохь законаца дог1уш билгалдина Дагестан республика РСФСР-н йукъахь хилар. Ткъа ши бутт хьалха, Д. Коркмасовн куьйгаллица, Дагестанан автономи кхайкхинера шена йукъахь итт округ а йолуш. 1921 шеран г1уран беттан хьалхарчу к1ирнахь керлачу регионан Конституци т1еийцира.
1924 шо кхаччалца Дагестан Республика шен Конституци д1ах1оттош, Къилб-Малхбале Краера Къилбседа-Кавказан дозанашкахь ч1аг1йелира. Политически а, экономически а, культурни а хьолашца дуьстича, ч1ог1а нийса некъ хилла оцу хенахьлерачу куьйгалхоша хаьржинарг. Амма бакъду, Хьалхара Дуьненан т1ом чекхбаьлла, Граждански т1ом бина, шозза революции а йина, 1едал хийцаделла дукха хан а йалале, уггар халачу, чолхечу шерашкахь кхоьллина Дагестанан Автономи. Иза иштта хиларна коьрта бахьна – 1918 шарахь вайн махкахь Советийн 1едал кхайкхор дара.
Оцу хенахь дуьйна, Советски Союзан дахарехь массо а аг1орахула жигара дакъалоцу вайн республико: образовани, медицина, культура, Сийлахь Боккхачу т1амехь а, Афганистанехь хиллачу т1амехь а, Малхбузера пачхьалкхашца т1урнене къийсар, иштта кхин д1а а. Ала дог1у, Советски Союз йоххалца, оцу 1едална муьт1ахь йолуш, тоьлла к1ентий махкана дуьхьа иэгаш, шортта 1илманчаш а, спортхой а болуш, схьаеъна Дагестан Республика. Российн пачхьалкх кхоллайелчахьана а йу вайн регион иштта некъ д1ахьош. Тахана а бу вайн махкахь йерриге Россин дика ц1е йоккхуьйтуш бахархой. Кхин д1а а, со тешна ву, вайн бахархой иштта хир бу, шайна бан луччу кепара пачхьалкхана пайда беш.
БАЙМУРАДОВ Мовсар