Йаздархочуьнца цхьаьнакхетар

Карарчу беттан 12-чу дийнахь Мескитара Айдамиров Абузаран цIарах йолчу музейхь кхоллараллин цхьаьнакхетар хилира йаздархо, публицист волчу Эьсункаев Недарсолтица.
Гуламехь дакъа лоцуш бара НРЙС декъашхой Сумбулатов Дени, Айдамирова Машар, Янсуков Казбек, Джебиев Хьусайн, «Вайнах» телевиденера Оспанов Къасим коьртехь волу белхахой, гIалара университера, Мескита школера дешархой, гонахьара йарташкара бахархой а.
Сумулатов Денис, Машара, Казбека, Хьусайна, кхин болчара а лаккхара мах хадош йийцаре йира Недарсолтин «Сказки старого Абати» ц1е йолу роман.
Айдамирова Машара тоьлла нохчийн даарш хIиттош, беза хьеший бина тIеийцира баьхкинарш.
Иштта долу цхьанакхетарш вуно пайденна ду т1екхуьуш долу кегийрхой кхетош кхиорехула бечу балхахь.
Недарсолта, хьан кхоллараллехь кхиамаш болуш, дахарехь могшалла йолуш, мелхо халкъана, Махкана къахьега аьтто хуьлийла хьан.

Амина ЯКИЕВА

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля