Вайна беана сийлахь-беза бутт – Рамадан. И бутт везачу Дала къастийна кхечу беттанел даккхий дозалашца. Рамадан беттахь досса долийла Делан сийлахь-деза жайна – Къуръан. И бутт безбеш, Дала бусалбанашна т1едиллина сийлахь – деза 1ибадат – марха кхабар. Хьадисехь цунах лаьцна деана, лекха-воккха волчу Дала элира, ерриг Адаман беро еш йолу 1амал цунна шена ю, марха кхабар доцург – и цо Суна еш 1амал ю, аьлла: юучу х1уманах а, молучу х1уманах а юхаволу и, иштта берриг синкъерамаш а буьту цо Сан дуьхьа – цунна хаза бекхам Ас Айса бийр, 10-нера 700 –енна т1екхаччалц алсам мела а луш.
Ша1бан беттан т1аьххьарчу дийнахь Делан элчано, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, иштта хут1ба дийшира: «Шун т1ебеана сийлахь-беза беркате бутт. Бутт бу из, шена чохь эзар беттахь йолчул еза буьйса йолуш (лайлат аль-къадр), бутт бу иза, шена чохь Дала дийнахь марха кхабар, парз дина, т1едиллина а долуш, буьйсана ламазаш дар (таравийхь) совнаха меле 1амал а йолуш. Оцу беттахь цхьа жимма а диканиг диначунна кхечу хенашкахь парз 1амал йиначун мела хуьлу. Оцу беттахь парз 1амал йиначунна кхечу хенашкахь 70 парз 1амал йиначунна хуьлу мела бу. Иза собар даран бутт бу, ткъа собар диначун (Далла 1ибадат дарехь, хьарам х1уманах ларваларехь) бекхам ялсамани ю. Иза вовшийн дог эцаран бутт бу (мискачу нехан хьал довзарца). И бутт бу, шена чохь муъмастеган рицкъ совдолуш. Оцу беттахь суьйрана, хурма елла а, я хин къурд байтина а, марха дохойтар – цуьнан къиношна дуьхьал каппарат ду, жоьжахатин ц1ерах шен дег1 хьалхадаккхар ду. И бутт бу, шен юьхь къинхетам болуш, шен юкъ гечдар долуш, шен чакхе жоьжахатин ц1ерах хьалхаваккхар долуш. Оцу беттахь шен хьалхахь болх беш волчуннна цхьа к1еззиг болх байбинчунна Дала гечдеш ду къинош. Дукха хилийталаш оцу беттахь дика 1амалш».
Пайхамаран, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, оцу дешнашна т1етоха х1умма дац.
Х1окху шарахь Рамадан бутт болабелла, везачу Делан къинхетамца, массанхьа цхьа терра, цхьана дийнахь. И болабелла цул хьалха массо а дуьненахь кхераме цамгаран ун даьржина, вай вовшашна т1ег1ойла доцуш, вайн Делан ц1енош – маьждигаш, чу г1ойла доцуш, д1акъевлина хиллачул т1аьхьа, вай, кхоччущ дацахь а, жимма парг1ат а девлина, зовкх хьоьгуш долуш. Вай цу унах парг1атдахарна уггар хьалха Далла шукур до вай, т1аккха цу т1ехь, шайн дахар а ца кхоош, къахьаьгначу лоьрашна а, иштта 1едалан нахана а баркалла олу.
Вай оцу дезачу Рамаданан деношкахь пайда эца деза, лекха-воккха волчу Деле хьастадаларца до1анаш деш вайна т1ера и ун-бала кхоччуш д1абаккхар доьхуш, вай т1ейог1учу хенахь т1еман балех, питанех, массо а бохамах хьалхадахар доьхуш, вайн мохк зенах-зуламах хьалхабоккхуш, вайна караберзар доьхуш.
Дала могуш-маьрша латтойла вай, уьнах-цамгарх хьалхадохийла, массо а питанех а, баланех а 1алашдойла вай!
Марша бог1ийла хьо, сийлахь-беза Рамадан бутт!
«Имамаш Машарехьа а, Бартхиларехьа а» юкъараллин Кхеташо.