«Саиев Iумара, шен хIора байт (стихотворени) леррина, йорий—тоьгий, бустамашца кхолий, кечйой юьллу дешархочун кхиэле. Цундела уьш къаьсташ хуьлу шайн кIоргачу чулацамца а, къегинчу васташца а. Уггаре коьртаниг — Саиев Iумаран, шен йозанан хатI хилар ду. Иза тера вац кхечу поэтех. Цо поэзаьхь хаьржинарг шен некъ бу. Иза ду вайна хазахетарг»! (Алвади Шайхиев)