Къоман коьрта билгало!

Хууш ма-хллара, оханан 25-чохь вайн къомо билгалдоккхуш ду «Нохчийн меттан де». Лаамза дац иза иштта даздаран хьоле даккхар, х1унда аьлча нохчийн мотт историн йохаллехь вайн Iадаташ а, ламасташ а, иштта гIиллакх-оьздангалла а 1алашъеш, кхиош, схьабеана.Нохчийн меттан де аьлла, и даздаран т1ег1ане даккхар бахьна, дукха хьолахь, т1аьхьарчу шерашкахь цкъа а ца хилча санна, кегийчу къаьмнийн лар д1айалар ду. Цул совнаха, д1аханачу б1ешерийн 44-чу шарахь нохчийн къам цхьа а бехк боцуш махках даккхар а, иштта, жимма хьалхо луларчу Республикехь хилла т1емаш а бахьна долуш, нохчийн къам 1едало деба ца дитина. Цундела хета суна и де билгалдаккхар вайн мотт д1абаларна кхоьруш йукъадаьккхина ду аьлла. Иза доцург а, йаккхий пачхьалкхийн метанаш дуьне мел ду даьржаш ду. Царах цхьацца дерш вайн махкарчу ишколашкахь а, институташкахь а хьоьхуш а ду. Таккха, церан йукъара цхьацца долу дешнаш вайн маттана йукъа1уьтту т1екхуьучу чкъоро. Иштта, кхин а цхьа кхачамбацар а ду – къаьсттина г1аланашкахь кегирхоша вовшашка оьрсийн мотт дукха буьйцу. И дерриге чолхе хьелаш цхьанатоьхча, кхераме хьал х1утту вайн ненан маттах. Иза иштта д1абалийта йиш йац вайн, х1унда аьлча, цуьнца д1абер бу берриге а вайн къоман бахам а. Ткъа мотт хазна йу. Цул коьрта х1умма а хила йиш йац. 
Халахеташ делахь а, тахана ч1ог1а чолхе хьал ду ненан мотт ларорехь т1ех1оьттинарг. Иза, дукха хьолахь, оьрсийн маттан орамаш вайна йукъахь даржар бахьанехь ду. Къаьсттина, вай дехачу Дагестан Республикехь кхин а йаккхий халонаш йу нохчийн мотт кхиорехь: 1аматаш йац арахоьцуш вайн маттахь; дешархошна ишколашкахь литература к1езга йу; ненан маттан урокаш тоъъала йац; доьзалехь оьрсийн мотт буьйцу дукхахболчара (уггаре а доьхнариг); цхьа а ВУЗ йац нохчийн мотт хьоьхуш. 
Хазахета, лакхахь дийцина чолхе хьолаш массанхьа а дац. Йарташкахь нохчийн мотт 1аморна тидам дика т1ебохуьйту, х1унда аьлча цара шайн доьзалехь ненан мотт буьйцу, ткъа ишколашкахь нохчийн мотт хьехаран хьал а дуккха г1олехьа ду.
Тахана вайн къоманна уггаре оьшучух коьртаниг бу вайн мотт. Олуш ду – Мотт бу, къам ду – олий. Ткъа иза ларош къахьоьгучарах коьрта дакъа кхочу хьехархошна. Шайн алпа х1умма лакхара доццушехь, хьаннала къаьхьоьгуш схьабог1уш бу уьш. 
Уггара хьалха царна баркалла кхайкхо деза вай оцу г1уллакха т1ехь. Муьлхха а кхечу къомана санна, вайн а коьрта билгало ненан мотт бу. Массеран ойла а хила йеза иштта, х1унда аьлча вайн массеран а декхар мотт а, истори а, оьздалла а кхиор ду. Ткъа церан йукъахь мотт – иза бух бу. И д1абалахь, цуьнца цхьана д1адолу диснариг дерриге а. Цундела бу х1орамма а шен доьзалехь и бийца безаш а, т1екхуьучу чкъоранна цуьнга безам кхуллуш болх бан безаш а.

Хьоме газетдешархой!
Нохчийн маттана лерина денца цхьана а дог1уш, тхан редакцин кхолламан тобано д1айолийна оцу денна лерина фестиваль йу хила йезаш. Кхуза кхайкхина Махачкалара а, Нохчийчура а хьеший. Ткъа дакъалоцуш хир бу Дагестанерачу нохчийн мотт хьоьхучу ишколашкара дешархой. Кечам бар д1адоьдуш ду. Фестиваль хинйолу де-терахь билгалдаьлча хаам бийр бу.