Марха кхабарах а, дастарах а лаьцна

Сайн материалехь суна довзийта лаьа, дукхах болучу нехан кхоллалуш долучу мосийтта хаттарийн жоьпаш. — Цамгар бахьана долуш марха ца кхабар:
Дег1ана зен деш, йа лазаран 1азапехь латтош цамгар иза йелахь, марха кхабар т1ехь дац. Иштта хьал шен дег1ехь долучо, марха кхабаран са гатдан ца оьшу. Ша могаш волуш цо уьш кхобур долуш хилча, иштта хьолехь ца кхаьбчи а, Дала мел хилийта а тарло цунна. Амма, йог1учу ханна ша тавелла хилахь, доькхуш кхаба деза цо. Ткъа и цамгар дарба далуш йацахь, Дала т1едожийна дац марха кхабар. Иштта хьал т1ех1оьттича, кхаьбна доцучу хIора мархана т1ера кафарат дала деза. Цул т1аьхьа Далла хьалха декхарийлахь ца хуьлу цамгаран бала хьоьгуш верг.
— 1уьйкъана гIаттар:
Маликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) довзийтина – Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) аьлла: «Iуьйкъана йаахIума йуийла аша — бакъдолуш Iуьйкъе йарехь беркат ду». Иштта, «Вайн а, керстанийн а мархийна йукъахь къастам бийриг Iуьйкъана йуу йаахIума йу» довзийтина Iамр ибн ал-Iаса, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) элира аьлла. Баккъала а, 1уьйкъана гIаттар а, х1ума кхаллар а дика ду.
— Марха а долуш Iеттор:
Шех дозуш а доцуш Iеттор нисделча марха ца духу. Ткъа ша шена цхьацца бахьанашца 1еттор хилийтахь марха духу. Иза мархийн бутт чекхбаьлча доькхуш кхаба деза.
— Марха долуш лийчар: 
Марха долуш лийчарах цхьа а кхераме х1ума дац, кийра хи дахарах ларлуш хилчахьана. 
— Марха а долуш ламаз оьцуш бага хи кхарзар:
Делан элчанан (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) хьадис ду: «Ламаз кхоччуш эца ахьа (массо меттиган тергам беш, фарз а, суннат а лардеш), куьгийн а, когийн а пIелгаш йуккъе куьйган пIелг хьокхуш хи а кхачийта ахь, мера чу дикка хи а кхарза ахь, хьой марха кхобуш вацахь». Кхузахь билгалдолу вайна, ламаз оьцучу хенахь мера чу хи кхорзуш ларлуш хила дезарах. Иштта хьал ду бага хи кхарзарх лаьцна а – легашка гIур долучу кепара а ца кхорзуш, бага а, мера чу а хи кхарза мегар ду марха кхобуш волучунна. Иштта, ларлуш а волуш, ца хууш кийра хи додахь ца духу иза. Амма, шек д1а а воцуш кIоргга кхорзуш кийра хи г1ахь, марха духу. Цундела лар вала веза.
— Сивак хьакхар:
Сивак хьаькхча марха духуш дац.
— Марха долуш цергаш йилар:
Цергаш йила магийна ду. Цул совнаха, иза ц1ано йар ду. Бакъду, ларвала веза легашка хи кхачийтарах. 
— Церг лозуш лоьрашна тIевахар:
Церг дIайаккхарах а, йа цунна дарба дарах а марха ца духу. Амма, ц1ий делахь йа кхин долу дарбанца хоттаделла х1ума легашка кхачахь, т1аккха марха духур ду. Иза а иштта доькхуш йуха кхаба дезар ду. Билгалдаккха лаьа, суьйранна марха даста хан кхаччалца собаре хилалуш велахь, лоьрашна т1е ца вахар дика ду. Амма са тохалуш дацахь йа суьйранна лор болх беш вацахь, т1аккха дийнахь цунна т1е ваха мегар ду.
— Марха сихха дастар:
Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) элира аьлла довзуьйту СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлийла цунна): «Адамашкара дика хедар дац, цара марха сихха мел досту». Ткъа Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) олуш хезза аьлла: «Бусалба дин лекха лаьттар ду, наха марха сихха мел досту. Баккъала, жуьгташа а, керстанаша а марха дастар тIаьхьатоттуш ду». 
— ТIаьххьара итт буьйса ларйар:
Мархийн бутт кхаа декъе бекъча, т1аьххьара дакъа уггаре а деза лерина. И хан Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) дуккха а Iамал йеш д1ахьош хилла. Иштта, Iаишата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Рамадан  беттан тIаьххьара итт де тIедеъча, Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) верриге Iибадатана тIевоьрзура – буьйса ламаз деш йоккхура, шен доьзал а хьалагIаттабора цо». Вайна йуьйцуш хезина Лайлатуль къадр буьйса а нисло оцу хена чохь. Оцу буьйсана йина 1амал йеза йу эзар баттахь йинчулла а. Аьлла ду, и буьйса бакъ хиларах теша а тешаш, шена мел хиларе дог а дохуш, Iибадат диначунна гечдийр ду хьалха хилла долчу къиношна.
— Мархийн бутт чекхбаьлча кхобуш долу мелан марханаш:
Уьш йалх ду. Шаввал баттахь кхобуш а ду уьш. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлийла цунна) аьлла: «Рамадан баттахь а, Шаввал беттан йалх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». Цхьа а тоьхна доза дац билггала муьлха йалх де ду уьш аьлла. Хила тарло хьалхара, йуккъера, т1аьххьара йа йукъ-йуккъера денош. Мел хиларехь церан цхьа а бен дац. Делахь а, 1еламнаха билгала ма даккхара, марханаш даьстинчулла тIаьхьа, сихха уьш кхабар дика ду. 
Хьоме газетдешархой! Кху беттан дерриге а дозаллаш довзийта цхьана материалехь тар ца ло. Делахь а, аьттоне хьаьжжина, хууш воцучунна хаийта а, дицделлачунна дагадаийта а 1алошо йолуш кечйина х1ара материал. Кху белха т1ехь 1илманан аг1орахула г1о динарг – иза Нурадилово йуьртан имам волу Гоникеев Ибрах1им ву. Дела реза хуьлийла цунна. Х1ара мархийн бутт Дела реза волччу кепара кхаба а, кхуьнан сий дан а могашалла а, ийман хуьлийла вайн.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля