Дуьненах самукъадолуш, хелхарца, маларца дукха гергарло долуш хилла цхьа стаг. Ша куц долуш, лекхачу дег1ехь волуш, забаре стаг хилла, бохуш, дуьйца наха. Цкъа зуда гучуйоккхуш ловзаргахь пондарчуьнга б1аьрг бахана цуьнан. Бакъду, цхьацца б1аьца етташ, забарш еш хан д1аяхьа бен кхин х1ума дагахь-м ца хиллера самукъанечу стеган. Йигар-йитар хиллане а хуьлийла-м дацара. Х1умма а къона воцчу стеган ц1ахь к1еззиг доцуш бераш а, церан нана а дара. Делахь а, пондар шуьйра д1а а озош, хелхар хьочу пондарчо, шен лере а кхоьвдина: «Со кхузара хьайна д1а ца йигахь, къонах вац хьо», аьлча, шегара и ца йигича осалалла ер ю моьттучу стага цу суьйранна иза шен дола-м яьккхира.
Ши зуда ю аьлла, синкъерамаш, малар юха озийна ца 1ара х1усамда. Къаьхьачу хе карзах воккхий, кест-кеста аларш, летарш хуьлуш, шен х1усамехь, лулахь-кулахь нахана бале а волура. Ткъа зуда-пондарча, маларо вохийна ц1ийнан да д1а а товжавой, иза набаро 1ехаваллалц, пондарца йиш лоькхуш 1ара. Хийлаза са хиллалца ийзо безаш а нислора. Делахь а, ша и молуш, синкъерамашца самукъа долуш вуйла гуш еаний хууш, шен х1усамдена ч1ог1а муьт1ахь-м хилла иза. Х1ара хаза дуьне дехьа-сехьа лестийна къонах, цуьнан ши зуда а бац кху харц дуьненчохь. Амма дуккха а йижарий, вежарий бу цу шина наноша бина. Берийн бераша шайн дененера а, дендегара а хелхар, самукъа схьаэцна бохуш дуьйцу уьш бевзачара.