НЕНАН МОТТ – ВАЙН ДОЗАЛЛА

Дуьненан юкъара ненан меттан де кхоьллина 1999 шарахь ЮНЕСКОн 30 Генеральни сессехь. И де даздо хlора шарахь февралан 21-чу дийнахь. И де массо а къаьмнашна биглалдаккха т1едилларан коьрта бахьна дара дуьненчуьра чаккхе йоцуш дlадовлуш долу меттанаш лардар.