Хууш ма хиллара, Дагестанехь цхьаъ бен дац вайн къоман лазам буьйцуш газет. Вайна массарна девзаш а, дезаш а ду и. Ткъе итт шо хан ю вайн къоман газетан агlонаш т1ехь коьртачу теманашна лерина материалаш арайовлуш йолу. Церан юкъахь: Ауховски к1ошт меттах1оттор, вайнах махкахбаьхна Юккъерчу Азе бахийтар, республикера политически хьал, кхочушъеш йолу социальни проекташ, спортхойн кхиамаш иштта д1а кхин а.