Шайх Мансур. Маршонан верас

Аьхкенан хаза де дара. Дуьне хьаста гIаьттинчу эсалчу малхо  стиглахь нека дора. Ша къайлабаккха гIертачу мархашна юккъехула. Iаламан тийна хазалла яра лаьттахула яьржина: аьхначу соьналлех дуьзна лаьмнаш, аренаш, лаьмнийн къоьжачу кортошкара схьадевлла, тогIенашка дIакхача сихделла доьлху шийла хиш, ярташна юккъехь яьржина Iохку стоьмийн бошмаш, регIан басошкахь а, лаьмнийн даккъаш тIехь а лаьтта бIаьвнаш – мехкан хой. Дагна дезна латта, синца боьзна мохк!