Вовшашца уьйр латтор ю

Д1адаханчу к1ирнахь Хасавюртара школийн нохчийн меттан хьехархоша д1аяьхьира семинар. Иза лерина яра нохчийн яздархочунна Гадаев Мохьмад-Селахьана. Хьалха санна,  семинар  д1аяхьа езаш  яра лоьмар 11 йолчу школехь. Делахь а, школан куьйгаллин г1оьнца таро хилира и мероприяти яздархочун ц1арах йолчу, Нохчийчура Ножай-юртан лоьмар 3 йолчу школехь д1аяхьа.