Пачхьалкхан байракхан де

Тахана ткъе барх1 шо кхочу вайн махкахь Россин Пачхьалкхан байракхан де билгалдоккхуш долу.

Байракх, иза муьлхха а пачхьалкхан коьрта билгалонашех цхьаъ йу. Цуьнан гонаха цхьанакхета махкахь дехаш долу дерриге а къаьмнаш. Цуьнца цхьана дог1у къаьмнийн ламасташ а, историш а. Къаьсттина вайн чолхе замачохь, Пачхьалкхан Байракх коьрта гайтам хуьлий д1ах1утту къаьмнийн йукъаметтигаш ч1аг1йарехь.

Х1инцалерачу байракхан йуьхь йолалуш йу 1668-г1а шарахь. Оцу хенахь Оьрсийн «Орел» ц1е йолу х1ордкеман т1ехь д1атуьйхина йара иза. Пачхьалкхан коьрта гайтамашех цхьаъ хилла байракх д1ах1оьттина Петр 1 волчу заманчохь. 1705-чу шеран 20-г1а январехь цо указ даьккхинера, байракх массо а х1ордкеман т1ехь д1атоха йеза аьлла. 

1918-чу шеран апрель баттахь керла 1едал д1ах1оттарца, Пачхьалкхан коьрта байракх хийцира. Х1инццалца хиллачунна метта, ц1е байракх хилира. Амма, Советийн 1едал доьхначулла т1аьхьа, РСФСР-н Лаккхара Совето сацам бира, Пачхьалкхан коьрта байракх, йуха а кхаа басахь (к1айн-сийна-ц1ен) йериг хир йу аьлла. Россин керла исторехь, кхаа баса йолу байракх дуьххьара д1атуьйхира Москварачу РСФСР-н Советийн Ц1ийнан т1ехь. 

Байракхан де даздаран хьолехь д1адахьаро гойту вайга вайн цхьаалла. Х1ора а вахархочунна дозалла ду иза. Лаьа, массеран а дагчохь хуьлийла Пачхьалкхан Гимн а, Байракх а. Х1унда аьлча, цаьрца цхьана цунна дагчу буьжу Даймахке болу безам а.