Орга-хино, лекха лаьмнаш цоьстуш, даьхначу Iаннаш чухула бехха некъ бира тхан журналистийн тобано Шаройн районе доьлхучу хенахь. Цхьана агIор, чухьажча, халла бен Iин чохь дедда доьду хи а ца гуш, ткъа вукху агIор тIекхозаделла лаьмнийн бердаш а долуш, дIаихира тхо лаьмнашна юккъехь, гIайри тIехь йолуш санна, Iуьллучу ХIима кхаччалц. Кху юьртахь ю Шаройн районан административни центр.