Тхан вовшашца йолу уьйраш

Гатиев Султан суна вевзира 1975-чу шеран аьхка Соьлжа Г1алахь. Х1етахь тхо, х1иннцца школа чекхъяьккхина кегийрхой, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман дешаран декъе деша даха лаам болуш хинйолчу экзаменашна кечамбеш дара.