Нохчийн поэтан Саиев Iумаран юбилей

Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь, Республикин Къоман библиотекехь, вевзаш волчу нохчийн поэтан Саиев Iумаран юбилейна лерина суьйре дIаяьхьира. Нохчийн Яздархойн союзо а, Къоман библиотекин белхахоша а вовшахтоьхначу цу мероприятехь дакъалоцуш бара нохчийн яздархой, Iилманан белхахой, журналисташ, литература езархой.