Карарчу беттан 29-чохь Регионан Куьйгалхочо Меликов Сергейс рог1ера кост дийр ду Халкъан Гуламе. Цхьана к1ирнах вайна ма-барра бевзар бу оцу хиламан чулацам.
Мероприяти кхайкхина дуккха а декъашхой. Цигахь, Дагестанан Парламентан белхахой боцурш а, Госдумин депутаташ а хир бу. Иштта, муниципалитетийн куьйгалхой а, журналисташ а, блогерш а, йукъараллин белхалой а хир бу.
Цигахь, кху сохьтана вайна хуучуьнца, Куьйгалхочо билгалдийр ду йог1учу ханна вайн регионо кхочушдан дезарг. Коьртачу хаттарех цхьаъ – СВО-н декъашхошна а, церан доьзалашна а г1о дар ду. Цул совнаха, керла социальни объекташ йар а, туризм кхиор а, йуьртабахаман г1уллакх а хир коьртачарех цхьаъ.
Хуучара билгалдаккхарехь, керла ц1а чу бахабезаш болучу заь1апхойн а, боуберийн а раг1 хьахор йу Меликов Сергейс. Лакхахь хьахийначу анпалшца, цхьана мог1арехь, бахархоша тидам т1ебохуьйтур болуш йу федеральни некъашкахь йехкина йолу камерашах лаьцна йолу тема.
Х1инццалца санна хилахь, гулбеллачаьрга кост диначулла т1аьхьа, Дагестанан Куьйгалхочо пресс-конференци д1ахьур йу меттигерчу шуьйрачу хаамийн г1ирсийн белхахошца.