Транспорт кхиорах лаьцна


Кху беттан деалг1ачу терахьехь Х1енжи-г1алахь научно-практически
конференции хилира. Цуьнан коьрта тема йара 2030-г1а шо кхаччалца вайн
республикин йукъараллин транспорт кхиор. Кхузахь дакъалоцуш бара регионан куьйгалхо Меликов Сергей,
Росавтодоран куьйгалхо Новиков Роман, Дагестанан Правительствон
Председатель Абдулмуслимов Абдулмуслим, иштта кхин болу 1едалан
белхахой а.
Мероприяти йолалуш лаккхара хьеший кхузаманахьлера тоьлла йолучу
машенашка хьажира. Баьхкинчарна гайта кхузахь д1ах1иттийна некъаш
тодарехь деш долу белхаш гойтуш стендаш а, тайп-тайпана леррина техника
а, шена йукъахь некъан кхерамазалла лакхарчу т1ег1ане йоккхуш йолуш
йерш а йолуш, йара. Уьш д1ах1иттинйна йара Доттаг1аллийн Ц1ийнан
хьалхарчу майданехь.
Баьхкинчу хьешашка вистхиларца конференци д1айолийра Дагестанан
куьйгалхочо.
Таханлерачу дийнахь вай дан деза белхаш билггала хууш ду вайна. Царах
коьртаниг – Хасавюрт г1алан чура федеральни некъ арабаккхар. Оцу
г1уллакхна лерина белхаш чекхдаьлча, д1айеллало Х1енжена а, Дербантана а
боккха некъ арабаккхаран транспортни коммуникацин система. Цунах вай
регионан а, иштта йерриге Къилбседа Кавказан а экономика хьалайаларан
бахьана хуьлу. Иштта, йукъараллин транспорт некъахь хье а ца луш,
йиллинчу ханна д1акхача аьтто хуьлу. Цул совнаха, шайн г1уллакхе
арабовлуш болу республиан бахархошна кхерамаза д1а-схьа бахар ду иза.
Соьга хаьттича, иза коьртаниг – элира Меликов Сергейс.
Шен къамелехь Новиков Романс билгалдира, президентан т1едахкарш
кхочушдеш регионашна йелла йалх эзар геррга йукъараллин транспорт.
Цуьнца цхьана, некъаш дохкуш а, тодеш а белхаш а ду д1ахьош.
Т1аьхьарчу шерашкахь Дагестанехь и г1уллакх дика д1ахьош ду.
Республикин дерриге а бохург санна некъаш хила ма-дезза хьоле далорехь,
карара шо чекхдолуш 75% белхаш чекхдала дезаш ду – элира Росавтодоран
куьйгалхочо. Ткъа шен къамел дерзош Меликов Сергйна Россин Минтрансан
диплом йелира – «Безопасные качественные дороги» нацпроект Дагестанехь
йан ма-йеззара кхочуш йарна. 

«Национальные системы управления» Ассоциацин Председатель йолчу
Зарипова Иринас шен къамелехь довзийтира, йукъараллин транспортан
шопаршна леррина совг1аташ дан деза аьлла, церан йукъахь – ахча а, льготни
ипотека а, медалш а йолуш.
Ткъа Дагестанера йукъараллин ранспорт кхиоран концепции йовзийтира
Газимагомедов Ризвана.
Х1ара документ кечдина С. Меликовн омарца. Цунна йукъа дог1уш –
йукъараллин транспорт керлайаккхар, кхерамазалла хьалайаккхар, тарифаш
йукъара хьолашца йог1уш хилар, оцу г1уллакхна лерина информационно-
аналитически система кхоллар, 1аламна хуьлуш долу зиэнаш лахадахар. – ду
аьлла билгалдира РД-н Правительствон Председателан заместительс.
Цхьанакхетор д1адерзош Меликов Сергей элира.
«Транспорт йуьйцуш беккъа цхьана некъаца хила йезаш йац вайн ойланаш.
Х1окху г1уллакхна йукъабог1уш кхин а бу некъаш – туризм, грузаш и
пассажираш а д1асалелор а. Иштта, диц дан мегар дац генарчу некъара
вог1учунна вижа а, 1амал йан а,сурсаташ эца а, х1ума йаа а,билзи йотта
меттигаш беза. Иза дерриге йукъа а лоцуш, некъан хьолаш лаккхарчу
т1ег1ане дохур ду вай.»
Мероприяти чекхйолуш, къаьсттина дика болх бинчу белхахошна
пчхьалкхан наградаш йелира.
Кхуззахь хьахо лаьа, Хасавюрт-г1алина арахула керла боккха некъ билларах
лаьцна. «Кавказ» вайн республикехь коьрта некъ бу. Цунна т1ехула х1ора
денна лелаш йу эзарнаш машенаш. Цуьнах пайда оьцуш дуккха а нах бу,
шайна йукъахь вайн луларчу регионашкара а, пачхьалкхашкара а бахархой а
болуш. Ткъа Хасавюрт чухула машенийн дукхаллин вала-вола меттиг
цахиларна, хан дуккха а йолу некъахь. Цул совнаха, т1аьхьарчу шерашкахь
вай долчохь базарш дуккха хилар бахьна долуш, кхуза бог1уш болу нах
алссам бевлла. Хууш ма-хиллара, некъаш хила ма-дезза ца хилча, йуха
машенаш дукха а хилча, кхерамазалла а лахло. И чолхе хьал д1адаккха,
коьртачу декъана, буьллуш бу Хасавюртан арахула керла некъ.

Материал кечйинарг
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля