Кху деношкахь чаккхене боьрзуш бу х1ара беркате хилла болу, беза мархийн бутт. Дела къинхетамца, х1ораммо а шен могашалле а, хьоле а хьаьжжина кхаба а кхеби. Т1аьххьара д1дахана итт-пхийтта шерашкахь хиллачаьрга хьаьжча, кху шарахь х1умма хала а дацара. Х1унда аьлча, де лацдала доладелла, йуха делахь, сатоха ца-даллала йовха а ца хили оханан (апрель) бутт чекхбаллалца бохург санна.
Масийтта бутт хьалха дуьйна, мархийн бутт т1е бан беза бохуш, цунна кечамаш беш 1а вай массо а. Амма, т1екхаьчча, муха болу а ца хууш, чекх а боле дуьсу. Х1инцца дара, хьалхара тархьаш деш. Йедда йоьду хено, б1аьрнег1ар тохале чаккхене кхачи. Ала дог1у, вовшашца к1еда-мерза, векхавелла, велавелла волуш, г1о-накъосталла дар лаккхара долуш, оьшучунна г1уллакхе хьажар совдуьйлуш, ма-дарра аьлча, беркатехь кхуьуш хуьлу вайх массо.
Кху деношкахь марха а достур ду вай. Оцу хьокъехь дуккха а хаттарш хуьлу дукхахболчеран. Маца досту? Сахьийн барам мел бу? Х1ун йала мега? Бог1учаьрна муьлха совг1таш дан мега? Иштта д1а кхин а. Массо а маьждигашкахь болу имамаша, къаьсттина кху коьртачу хаттаршна жоьпаш луш хьехамаш бо вайна х1ара хан герга кхочуш. Цара дийциначунна т1е а тевжина, йукъаметтера лаьцна, сайна хуучу барамехь шуна довзийта лаьа, хьоме газетдешархой, марха дастаран низам.
Марха лацаран а, дастаран а билгало бутт гар йу. Вайна схьадеана Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хьадис ду: «Аша марха кхаба а кхаба, даста а даста бутт гарца». Сахьа даккха мега х1ара бутт болабелчахьана. Амма, дезза дериг – иза т1аьххьара марха чекхдаьлча дериг ду. Вай йукъадог1уш долу Шафи1и мазхьабехь йалта далар нийса ду. Лелош болу барам, дукха хьолахь кхоъ кийла хуьлу, ткъа т1едиллинарг-м 2400 грамм а бен дац. Совдаккхар дика долу дела лела до вай иза иштта. Дукха хьолахь, вайна йукъахь даьржинарг к1а йа дуга ду. Вай иза д1адаллалца кхаьбна марханаш стиглахь лаьтташ ду. Мискачаьрна а, иштта кхача хьакъдолчаьрна а иза д1акхаьчча, дуьззина хуьлу вайн Делан хьалха декхар кхочуш дар. Иштта, деза ду 1ийд ламаз дар. Цига вахале дег1а т1е хи кхарзар а, х1ума кхаллар а, керла духар т1е а дуьйхина кечвалар а, маьждиге вог1уш, волавелла вар а дика ду. Ткъа вог1уш цхьана некъахула, д1аг1уш кхечу новкъахула вахар а дезза ду. Ша ц1авирзинчул т1аьхьа, лулахошка а, гергарчаьрга а г1уш, Дала къобалдойла вай кхаьбна марханаш олуш, до1анаш дар дика ду. Маггане а мегар дац оцу дийнахь марха кхаба. Иза х1ума йууш де ду, бусулбанийн деза де ду. Цул т1аьхьа, Шаввал беттан шолг1ачу дийнахь дуьйна, могашалле хьаьжжина, дисина делахь марха кхаба деза. Оцу г1уллакхана сихо йан а йеза. Уьш доцуриг а, кхин а йалх марха кхабар дика ду. Иза ч1аг1дина суннат ду.Т1аьххьара сайн материал чекхйоккхуш, суна кхайкхам бан лаьа махкахошка. Нехан хьолаш тайп-тайпана ду. Вайн имамаша бохучунна т1е а тевжина, нахана бала а ца беш, д1адахьа хьажа деза вай марха досту де. Х1унда аьлча, иза вайн бусулбанийн дезаде ду. Ткъа йиш йац, кху беркате г1уллакхехь вайн бахархой декхарла бахийта, царна оцу дийнах бала бан.
Аьтту баьллачура, даггара декъал бан лаьа берриге махкахой, бусулбанаш. Дан ма-дезза рамадан беттан сий диначарах хуьлитийла вай Аллах1а. Массеран марханаш Дала къобал а дойла.