
Йиш йац иза биц бан!
Новости
В закладки

Къаьсттина Дагестанехь долу хьал дийцича, беккъа вайн къомах берш бехачу йарташкахь-м, цхьа-дика, иштта кхераме дац. Ткъа вайца цхьаьна кхечу къомах берш бехаш болуш меттигаш а ма ю. Царах х1оранна а коьрта билгало а, къоман бух а бу ненан мотт. Ма-дарра аьлча, тахана муьлхха а къоман уггаре а оьшучух коьртаниг бу иза. Х1унда аьлча, массеран а цхьатерра бала бу иза. Иза доцуриг а, хуучара билгалдаккхарехь, кхин а цхьаъ кхачамбацар а ду. Ишколашкахь ненан мотт хьехаран са1аташ к1еззига ду вайн махкахь. Ненан мотт муьлхха а къоман бух бу. Ткъа нохчийн маттаца цхьаьна б1е шерашкахь схьайеана вайн оьздалла, ткъа цуьнца цхьаьна г1иллакх. Халахетариг – вайн мотт д1абаларца цхьаьна и дерриге а д1адолу. Вайх х1орамма а шен доьзалехь мукъана а ненан мотт бийцар коьртаниг ду. Т1аккха бен т1екхуьучу чкъоранна иза 1емар а, безар а бац.
Ненан мотт х1ора а къоман хазна йу. Иза санна дукха дезаш х1ума хила йиш йац вайн. Амма, вайна массарна а хаа деза – мотт вай биц бахь, т1аьхьа бог1учара гечдийр дац вайна. Иштта чолхе чаккхенах Дала лардойла вай.
Комментарии (0)

Кху деношкахь дерриге а дуьненахь даздеш ду «Ненан меттан де». Иза йукъадаьккхина 1999 шеран ноябрехь ЮНЕСКОн Геренарьлни конференцин 30-г1а сессин сацамца. Оцу хенахь

Х1ора шарахь 21-чу октябраьхь вайн республикехь билгалдоккхуш ду Дагестанан оьздаллин а, ненан меттанийн а де. Схьахетарехь, лаамза дац и де иштта даздаран т1ег1ане а

Дуьненан юкъара ненан меттан де кхоьллина 1999 шарахь ЮНЕСКОн 30 Генеральни сессехь. И де даздо хlора шарахь февралан 21-чу дийнахь. И де массо а къаьмнашна биглалдаккха

Т1аьххьарчу шерашкахь вайн къомах доглозуш а, вайн дахаран некъ нийса хилахьара бохуш а нах вайна юкъахь к1еззига хилча санна хета суна. Дагестанехь бехаш болчу массо а