82 шо даьлла нохчий а, г1алг1ай а махках баьхна, амма лазам а, чевнаш а х1инца а дийна йу, дог х1инца а лозу, б1аьргаш х1инца а дакъа ца ло — б1аьрхиш х1инца а охьаоьху баккхийчу нехан беснеш т1ехула. Вай дерриге а декхарийлахь ду и иэс вайн дегнашкахь лардан, иза шерашкахь д1акхехьа, вайн т1аьхьенашка д1акхачош.
Халахеташ делахь а, т1ех дукха нах д1абахана кху дуьненара, шайн уггаре а гергарчу, хьомечу нахана йукъахь, ирсе бералла д1айаьхьначу шайн х1усамашка йухадерзан йиш йоцуш…
Вай массо а адамаш ду Сийлахь-Везачо кхоьллина долу, амма вайна йукъахь бу адамалла а, къинхетам а, оьздангалла а х1ун йу ца хууш берш.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман фронташкахь майра летта нохчийн-г1алг1айн халкъан к1ентий, шайн ницкъ ца кхоош, шайн синош д1а а луш, къаьсттина къаьсташ бара уьш Брестан г1ап ларъйарехь а, Сталинградан т1амехь а.
Х1ун меха бу лаьтта т1ехь машар хилийта шайн къона синош д1аделла Советан Союзан Турпалхой Нурадилов Ханпаша а, Бейбулатов Ирбайхан а, кхиберш а?
Вайнехан халкъана г1ийбат доккхуш, «халкъан мостаг1ий», ямартхой аьлла, ц1е тиллина, дерриг советан халкъ санна, фашизмана дуьхьал къийсам латтош, шайн даймохк к1елхьарбаккха г1ерташ, шайн тешнабехк беш хиллехь а…
Оцу хенахь НКВД-н спецназаша х1аллакйора уггаре а доьналла долчу, майрачу нехан истори… Бераш а, зударий а, г1ийла баккхийнаш а махках бохуш болх д1ахьош бара уьш. Х1аъ, б1аьргашца гинчара дийцарехь, цхьаболу салтий бара шайн кархдолу г1о деш а, дика дош ала г1ерташ а, амма уьш к1езиг бара…
И берриге а баланаш, 1азап лайначу нехан дийцаршка хьажа а, ладог1а а йиш йац дог ца лозуш. Уьш бен, жоьжахатин массо а гонаш лайна, кхетар бац махкахбаккхаран инзаречу маь1нех…
Амма таханлерачу дийнахь дуккха бу нохчий хьакъ долуш махкахбаьхна Йуккъерчу Азе а, Казахстане а бохуш.
Х1ун бехк хилла кегийн берийн, зударийн, мехкарийн, цомгуш болу, заь1ап баккхий нехан?! Цара шайн дахар д1адаьхьира, фронтера кхаъ хиларе сатуьйсуш, сагатдеш, до1анаш деш шайн дайшна, вежаршна, дедайшна, доттаг1ашна, накъосташна, лулахошна…
Эскархоша, б1аьрг а ца тухуш, воккха стаг а, шен нене кхойкхуш долу бер а, йоккха нана а бен йиш йара…
Адамаш ала йиш йуй оцу зуламхойх? Церан т1аьхьенийн дозалла дан йиш йуй шайн дедайша а, деден дайша а лелийначух, царна йелла мидалшах?
Бехк боцчу халкъана т1ехь лелийна и къизаллаш гечдан йиш йац. Вай цкъа а дийдийр дац нохчашна дуьхьал динчу зуламан уггаре а жима дакъа а…
Сталин вайн б1аьргаш чохь йа адам дац, йа хьайба а дац. Дешнаш ца карадо суна сайн хетарг цунах ала. Нохч-Г1алг1айн халкъ х1аллакдина ца 1аш, балкхарой а, г1алмыкаш а, грекаш а, кхин а дуккха а нах х1аллакбина цо. И ша болу боьха болх д1ахьош бара дезачу деношкахь…
Тахана Сталин а, цуьнан система а дика хеташ берш а бу вайна йукъахь, цуьнан суьрташ пенаш т1е детташ, иза турпалхо ву, бохуш, хестош, цунах лаьцна байташ х1иттош, иза бакъвеш комментариш а йазъйеш социальни машанашкахь… Уьш х1умма а к1езиг бац. Даймахкана цо динчу «г1уллакхах» дозалла деш волчуьнга цхьа а лерам бац, уьш бу изза зуламхой, цуьнах дозалла деш 1аш болу…
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

