ТIеман декхар кхиамца кхочушдеш,…

Таханлерчу дийнахь Леррина т1еман операцехь г1уллакх д1ахьош дуккха а вайн махкахой бу. Дагестанан массо а маь11ера к1ентий йуьстах ца 1аш, шайн пачхьалкх ларйан хьалаг1евттира. Ала деза, Дагестанера эскархойн кхиамаш х1ора дийнахь бохург санна массо а газеташкахь а буьйцуш бу, федеральни каналашкахь а гойтуш бу. Дуккха а телеканалийн т1еман корреспонденташа дуьйцу вайн майрачу к1ентех лаьцна, леррина репортажаш а, документальни кинош а йоху.

 

Халидов Руслан а ву вайн маршо ларъйечу к1ентийх цхьаъ. Лерринчу т1еман операцехь дакъалоцуш ву иза, вайн г1алара вахархо а ву. Интервьюхь цо дийцира шен доьналлех буьззина некъах лаьцна. 2020-чу шарахь эскаре кхайкхира Руслан, цул т1аьхьа цо контракт йазйира. 2022-чу шарахь Леррина т1еман операци д1ахьур йу аьлла д1акхайкхийначул т1аьхьа, Даймохк ларбан вахара иза.
«Тхан декхар ду г1аланаш мукъайахар а, маьршачу бахархошна г1о дар а», — бохуш, дуьйцу Руслана. Шен доьналла а, турпалалла а гайтарна Суворовн ц1арах мидал а йелла Русланна.
Къаьсттина мехала ду боху Руслана шен доьзало а, йукъаралло а деш долу г1о-накъосталла. Т1емалочо дийцарехь, и г1ортор йу цунна ницкъ луш а, т1еман декхар кхиамца кхочушдан а г1о деш йерг.
Руслан санна к1енташа деш долу г1уллакх, церан доьналла а, майралалла а – ч1ог1а гайтаме а, мехала а г1уллакх ду, вайн маьршачу дахаран дуьхьа деш долу.
Билгалдаккха дог1у, вайн г1алин куьйгалхочо Корголиевс СВО-н декъашхошца доьзна дерриге а г1уллакхаш шен 1уналлехь латтадо, массарна а оьшу терго а, г1о-накъосталла а деш.

Кечйинарг — БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля