СВО-хь кхелхинчу Толубаев Исламан сий деш иэсан иэкъа схьайиллина вайн гIалахь

Вайн г1алара №15 йолчу йуккъерчу ишколехь Леррина т1еман операци д1ахьош веллачу и ишкола чекхъйаьккхинчу Толубаев Исламан сийна иэсан иэкъа схьайиллина.

Мероприяти йолалуш, вайн Даймохк ларбеш, шайн синош мел д1аделларш дагалоцуш цхьана минотехь тийналла латтийра гулбеллачара.
Хасавюьртан куьйгалхочунна Корголиев Корголина ц1арах цуьнан г1оьнчас Умаров Хайбуллас иштта къамел дира:
«Шайн доьналла гойтуш, вайн Даймахкана шай синош д1аделла болу вайн к1ентий вайн иэсехь гуттаренна баха безаш бу. Т1ейог1учу т1аьхьенашка уьш бийца а, царна турпаллаллийн масала д1акхачо а деза, х1унда аьлча, царна шайл баккхийчу нехан доьналла а, майралла хаа а, довза а дезаш ду», — билгалдаьккхира цо.
Кхин а оцу барамехь дакъалецира Дагестанан Халкъан Гуламан депутато Голоев Ризванас а, администрацин куьйгалхочун г1овсан декхарш кхочушдечу Чергизбиев 1исас а, депутатийн г1алин гуламан председателан заместительс Магомадов Мирзас а, г1алин администрацин векалша а, Афганистанан ветеранаша а а, г1алин депутаташа а, иштта Турпалхочун гергарчаьра а, доттаг1аша а.
Т1амах лаьцна стихаш йешначул т1аьхьа иэсан иэкъа схьайелла бакъо йелира Умаров Хьайбуллана а, Толубаев Исламан гергарчаьрна а.
Цхьаьнакхетар д1адерзош, гулбеллачара иэсан иэкъана хьалха зезагаш дехкира, махкахойн дегнашкахь гуттаренна а вуьсур волу Турпалхо дагалоьцуш…
Кечйинарг — БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля