Берашца тидаме хила…

 

Аьхкенан каникулаш т1ейеъча берашна ч1ог1а хазахета, церан самукъадолу арахула лелаш, амма дай-наной царна вониг хиларан кхоьру хан йу иза.
Дешаран каникулашкахь берийн а, кхиазхойн а мукъа хан алсам хуьлу, уьш дукха хьолахь шайн лаамехь буьту. Церан г1уллакхаш даима а маьрша ца хила а тарло.
Халахеташ делахь а, баккхийчара берашна т1ехь 1уналла ца дар уггаре а дукха бохамаш хиларан бахьана ду. Цундела бераш терго йоцуш ма дита!
Луьра терго йан йеза бераша сирникаш схьа эцарна.
Цкъа а кегий бераш шаьш ц1ахь ма дита, къаьсттина газ латийна йелахь, пеш йовхо латтош йелахь, телевизор а, кхийолу электроприборш а латийна йелахь.
Берашна вон масал ма гайта: уьш болчохь цигаьрка ма оза, цхьанхьа а цигаьркан к1урк1аманаш ма кхийса, бодане чоьнаш серлайаха кехат ма латаде.
Берашна т1екхача йиш йоцчу меттигашкахь латтайе сирникаш. Галйаьлла йолу йа шаьш ремонт йина электроприбораш латто ца йеза ц1ахь. Жимма ларамаза хиларо боккха бохам бан тарло.
Вайна гуш дуккха а масалш ду ц1е коьрта бахьана йолуш хуьлуш долу вониш. Ц1е йаьллачу хенахь кегий бераш цхьанхьа лечкъа г1ерта, шен ойланехь тховк1ело лоьхуш — маьнги йа стоьла к1елахь.
Цундела берашна ц1е йаьлча дан дезарг 1амаде, эвакуаци йан тарлуш йолу арадовларш гайта. Ч1ог1а мехала ду бераш ц1е йаьлча ца лечкъийта 1амор. Ц1ерах схьаболу кхерам берана жимчохь дуьйна хаийта беза.
«Сирникаш бераша ловзош х1ума йац» ц1е йолчу темина берашца къамел дан хьажа, ц1е йаларо х1ун т1аьхьалонаш йо, муьлхха а чолхе хьал нислахь эвакуацин некъаш муьлхарш ду дийца.
Йукъарчу хьесапехь, шеран муьлххачу хенахь а, дас-нанас ч1ог1а оьзда а, ларлуш а кхетош-кхио деза бер шайн масалца. Масала, арадовлале ц1ахь йолу йерриге а электроприбораш д1айайъина йуй а, газ д1айайъина йуй а хьовса деза.
Тахана ларло, кхана бала шун ц1енна а, доьзална а уллохула чекхбаккхархьама.
Шайн берашца тидаме хила, цара х1ун леладо, цара хан мичахь йоккху хатта!
Бераца къамел де, кхин цкъа а дагадаийта цунна маьрша леларан бакъонаш!
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля